Айза дIайахара. Къена, гIорасиз шен Iала ойланаш йан цхьа а витина…
VII корта. Къонахий
Дерриг а дуьне ду
къонахчун меха,
XIapa дуьне-м къонахийн
белшаш тIехь дай!
А. Сулейманов
1
ХIокху тIаьхьарчу кхаа баттахь инзаре тамашийна ши керланиг хиллера Гати-Юьртахь. Массара а велла, доьза вайна лерина, дог диллина ши стаг цIа веанера Сибрехара. Ткъе ворхI шо даьллачул тIаьхьа ХортIин Овхьад а, ткъе берхIитта шо даьлча, Абубакаран Iела а. Мелла а къона Овхьад дийна цIа верзарх-м башха цец а ца бовлура нах, тамашийниг къена Iела цIавар дара.
КIеззиг хилларг а, кога долий, сиха даьржа нохчашлахь, миччахула деъна а, хьаьнггахула арадаьлла а, ца хууш кхарста долу. ШолгIа де делкъанга долуш, гондIарчу йарташкахула даьржира доьза вайна, массара а велларг лерина къена Iела цIа веана боху хабар. Иза массо а цецвоккхуш керланиг дара. Къаьсттана мотт-эладитана сутарчу адамашна. Iела цIа веана, ткъа цуьнан зуда кхечухьа марехь йу. Цуьнан ши майра ву хIинца. Адамашна дуьйцу хезна хIума дуй ткъа ишттаниг? Айзас хIун дийр ду-те? Iелин а, Ахьмадан а йукъаметтиг муха хир йу-те?
ДогцIена, дика нах гIайгIане а лаьцнера оцу гIуллакхо. Оцу шина стагана йуккъе хIоьттина хьал, цаьршинна йуккъе мостагIалла дожа тарлуш, кхераме дара. Иштаниг ца хилийта некъ лоьхура цхьаболчу наха.
Гуш чаккхе йацара Iела волчу оьхучу адамийн. Кхуза богIура генара а, гергара а, гIаш а, говрашкахь а. Шайн хьоле, аьттоне терра, совгIаташ а дохьуш. Дакъийнчу жижиган коржамаш, йоьхьаш, кедаш чохь ахьарш, даманаш, кхоьаш, гIабакхаш. ХIоранна а лаьара къечу Iycманна шайн ницкъ кхочу гIо дан. Цуьнан таро ма йацара шен керта лестало сила долу адамаш, кхачанах а кхоьтуьйтуш, дIадерзо.
Кертахь а, урамашца а дукха адамаш лаьттара. УьйтIахь диллинчу шина дукъо тIехь, кара суьлхьанаш а лаьцна, Iасанийн йуьхьигаш лайла а Iуьттуш, хевшина Iapa баккхий нах. Ша церан хенара вацахь а, царна йукъахь вара ХортIин Овхьад а. Миска Iела, тIаьхье ца хедаш кхуза оьхучу наха охьахаа ца вуьтуш, Iуьйрре дуьйна ирахь лаьттара. Иза тера вацара сийсарлерчу Iелех. Корта а баьшнера, маж-мекх а, хаза лергина, тодинера. TIедуьйхина тIергIан машин боьмаша чоа а, цунна чухула исхарин гIовтал а, тIехула дихкина детин сеталш йолу доьхка а дара. Коьртахь дуькъа хьийзинчу боьмашчу холхазан куй а, когахь пезагаш тIехула йуьйхина керла неIармачаш а йара.
Баккхийчу наха xIоpaммо а шен рогIехь дуьйцура къоначу хенахь шаьш лелийнарш а, шайна гинарш а, хезнарш а. «ДагадогIий шуна…» – олий, волалора хIора а, тIаккха цуьнга ладоьгIучеран бIаьргаш хьалха хIуьттура оцу денойн эрчалла, карлабуьйлура тIеман иттаннаш