Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
тIе таIийра Айзас.

      – Iала-а-а! Хьанна моьттура, хьо дийна хир ву… Тахана со йеллачу хIунда ца кхечи хьо, Iала-а-а?..

      КIант а, нус а, цецдаьлла, дист ца хуьлуш лаьттара, Айзас лелочуьнга а хьуьйсуш. Iусман ца кхетара шен нанас лелочух. И муьжги мара а къевлина, хIокхуьнан ден цIе хIунда йоху цо? Шен майрачун доттагI гича, майра карла а ваьлла, эс галдаьлла-те цуьнан?

      Айза, дегI а малделла, ша йолччохь цIенкъа охьайахара. ТIехьаьддачу Iусмана, пхьаьрсаш кIелхьара схьа а лаьцна, айъина маьнги йисте охьахаийра иза. Несо, марненан йуьхьах шийла хи а хьаькхна, масех къурд байтира цуьнга. Ша саметта йеача, шиний куьйга схьалаьцна корта охьа а бахийтина, цкъа мохь олуш, тIаккха узарш деш, сауьйзуш, шиний aгIop дIаса а техкаш, йелха йуьйлира. Иза йоьлхучуьра саццалц цхьа а вист ца хуьлура цIа чохь. Шен дог а Iабийна, эххар а йоьлхучуьра сецира Айза. Iусман шекваьллера нанас лелочух. Нанна хьалха охьа а лахвелла, цуьнан голаш тIе куьйгаш дехкира кIанта.

      – Ахь лелориг хIун ду, нана? И муьжги мара хIунда къевлира ахь? Хьо хIунда йоьлху? Коьрте лазар-м ца деана хьуна? – хеттарш дора цо.

      – Нана лойла хьан, Iусман! XIapa-м муьжги ваций, хьан да вай! – йистхилира иза эххар а. – Цуьнан хьаьжа тIехулара муо ца гo хьуна?.. Ас хьоьга дукха ма бийцира иза…

      Iусманна хIинцца гира и муо. Тховса бен, хIокхарна гуш бIаьштига тIе таIийна коьртахь латтош болу и куй дIа ца баьккхинера хьешо. Хьала а гIеттина, Iадийча санна, Iеле хьаьжира Iусман. ТIаккха, хорша йеача санна, балдаш а, чIениг а йегийра цуьнан.

      – Дадий? Дада! – мохь аьлла, тIекхетта, иза маравоьллира Iусмана. – Хьо хIун деш Iapa хIинццалц ца вовзуьйтуш? Дада…

      Цхьана ханна белхар хIоьттира цIа чохь. Ден голашна тIе йуьхь а таIийна, къорра воьлхура Iусман. Шина куьйга корта а лаьцна, ши бIаьрг цIенкъа а боьгIна, охьа а таьIна, йуха а догIанха йелха йуьйлира Айза а. Корталин тIемаг чIенга тIе а лаьцна, гIийлла йоьлхура нус а. Самадевлла бераш, баккхийчара лелочух ца кхеташ, цецдевлла, тапъаьлла тийна Iapa. Веккъа цхьа Iела вара кийрахь воьлхуш. Цуьнан совцо ницкъ ца кхаьчна бIаьрхиш, сирчу можа тIехула охьа а Iийдалуш, карахь Iуьллучу кIентан коьрта тIе Iенара.

      Къаьхьачу ойланаша лаьцнера ден а, зудчун а, кIентан а ойланаш. Оцу кхаанна хаьара, Iела цIа верзаро шайн xIycaмe ирс ца деанийла. Церан дегнаш вовшах доьзначу гуш доцчу пхенаша дIасалора кийрахь кIежтуьйсуш кхехка бала. Велхаро дагна маслаIат до, амма цо бала дIа ца ойу. Дегахь а, кIантехь а болчул тIех боккха бала шегахь хиллехь а, уггар хьалха саметтайеара Айза. БIаьргех ихначу хишна кучан йух а хьаькхна, доккха са а даьккхина, йистхилира иза:

      – Iусман, вай доьлхуш Iepax гIуллакх хир дац. XIapa цIа веаний хиъча, йуьртара а, арахьара а дукха адамаш догIур ду хIокху керта. ХIинца ша ма-варра хIара нахана гойтийла дац. Корта а баьшна, маж-мекх а лергина, дегI цIандина, бедарш а хийцина, жимма сибате вало веза. ХIокхунна тIедуха, хьайна тIехь долчул совнаха, хьан коч-хеча а дац, Iусман. Хан ца йолуьйтуш, Iабдин туькана а гIой, хIокхунна тIехула а, чухула а духар эца. Ахча ас кхана дIалур ду. Ткъа ахь, Медана, дехьа цIа чу цIе а латайай, цIа а, хи а дохде. Ас, дIа а йахана, Дауд схьавоуьйтур ву. Керта-арара