Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
баьхьна, шайн долара лаьттан коржам дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, берашна сискал а йоцуш, кIелбисинчу зударшкара цхьа сахь, гирда йалта а луш, эцна-кх. Йа и зударий, бераш Iехош. Йа кхерош, шайн доладаьхна. Йа цхьадерг, ахь ма-аллара, Iедало совгIатана делла.

      Нийсо йацар, харцонаш, йамартлонаш Iелина дукха гинера туркойн а, оьрсийн а мехкашкахь. Амма харцо ца йезачу, ворхIе дайшкахь дуьйна оьзда, къинхетаме хиллачу бусалба нохчашна йукъахь ишттаниг хир ду, ца моьттура Iелина. Цунна дагадеара ши бутт хьалха Петрос шега дина къамел: «Оьрсийн паччахьо шайн мохк дIалаццалц элий, хьоладай боцуш, шайн лаамехь даьхначу нохчийн къомана ца йевзина харцонаш, йамартлонаш, къизалла. Амма хIинца шуна а йевзар йу. Шу а декъалур ду шина декъе – хьолахошкий, къехошкий. Хьалхарчара и шолгIанаш Iазапехь, лоллехь латтор бу. Хьолахой кIезиг бу, къехой дукха бу, амма паччахь а, Iедал а, дин а, эскарш а хьолахошкахьа ду. Хьайн махка цIа вирзича, и дерриг а хьайн бIаьргашна гур ду хьуна». ХIетахь Iела ца тешара Петрос шега дийцинчух. Ткъа хIинца иза бакъ карийра цунна.

      – Муьлш бу-те и Делах бевлла нах?

      – Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Андри? – велавелира Iусман. – Царна-м ца моьтту шаьш Делах девлла! Шаьш Делан уггар гергара нах хета царна. Панта-Хьаьжина, Хьуьса-Моллина, Iабдина, СаьIадна, ИнарлагIарна, ЧIонакъагIарна. Уьш а, кхин а бу хIокху йуьртахь, хIара дерриг а дуьне дIахуьйдича а, бузур боцуш!

      «Шун а, тхан а динехь, йа, вуьшта аьлча, бусалба а, керста а динехь, Дала аьлла бохуш, дуьйцу, ша адамаш цхьатерра бакъонаш йолуш, маьрша кхоьллина, царна массарна а рицкъина Iалам а кхоьллина. И Iалам дерриг а адамийн йукъара ду, цхьадолчу адамашна эшам а беш, кхечаьрга иза шайн дола ма хьийзаде, боху Дала. Ша массарна а цхьатерра бакъонаш а, маршо а йелла, вовшашна йуккъехь нийсо ларъе, ницкъболчара гIорасизнаш, гIийланаш, къен-мисканаш охьа ма теIабе, уьш лоллехь ма латтабе, цаьрца харцонаш, йамартлонаш ма лелае, ша жоп доьхур ду шуьга, ша бекхаме таIзар дийр ду шуна, боху Дала. Амма вайн динадайша Дала бохург ца до, цара дин хьолахошна, ницкъболчарна пайдехьа хьийзадо. Паччахьаш а, церан хьаькамаш а, церан Iедал а Делера ду, уьш Делан лаамца лелаш бу, царна муьтIахь хила деза, дуьненахь халонаш, баланаш лайнарг эхартахь декъала хир ву бохуш, хьоьху динадайша къехошна. Амма шаьш хIокху дуьненахь декъала хила гIерта, дуьненан хьал-бахам гулбо цара Дала хьарамдинчу некъашца», – дуьйцура цуьнга Петрос.

      Цуьнан дешнаш бакъ хилар чIагIдира тахана гуламехь къамел динчу Хьуьса-Моллас.

      6

      Iела оцу ойланех йукъахваьккхира уьйтIа деанчу когийн татанаша а, зударийн аьзнаша а. Iелин бIаьргаш неIарна тIебогIабелира. Ткъе берхIитта шо хьалха ша цунах дIакъаьсташ ма-хиллара, къона Айза оцу неIарх чоьхьайаларе ладоьгIура цо. Амма неIарх чоьхьайаьлларг кхин зуда йара. Карахь Iaca а йолуш, букархьаьвзина йоккха стаг…

      Iаса нeIapaн соне а хIоттийна, коьртах хьарчийна доккха кIинжийн кортали cxьa а даьстина, несан кара а делла, хьеше маршалла а хаьттина, товханна хьалха кхакханан миндар тIе охьахиира иза.

      – Алахьа цуьнга, Iусман, хьо гича, сайн кIентан да, денвелла, цIа веача