Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
а къаьмнийн къехойн йукъара мостагIий бу. Вовшех къесташ, ша-ша, цхьацца гIиттарх, паччахь а, цуьнан Iедал а дохалур дац халкъашка. Иза данне а далур дац нохчийн жимачу къоме. ХIетте а, нохчий даим а девнна хьалха гIиртина, цундела царна даим бохамаш а хилла. И хьалхенаш йохур йац вай кхидIа. Вайл даккхийчу а, вай санначу а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, хьалха а ца гIерташ, тIехьа а ца лечкъаш, йуккъера меттиг схьа а лаьцна, къуьйсур ду вай вешан маршонехьа. Оцу къийсамехь керста оьрсий, гуьржий, эрмалой, хIирий, кхидолу къаьмнаш а вешан мостагIий хилийта ца деза вай, ткъа накъостий хилийта деза. Церан гIоьнца вохор ву вай вешан йукъара мостагI, церан гIоьнца йухаерзор йу вай вешан маршо.

      ХIетталц ладоьгIуш Iийна Хьуьса-Молла къамела йукъавуьйлира:

      – Маржа Овхьад йаI, оцу керстанашна йуккъехь даьккхинчу ткъе ворхI шаро хаза кхоччуш тиларчу вигна-кх хьо! Айхьа дуьйцург хIун ду, хаьий хьуна? Керстанах ма теша, иза доттагI а, накъост а ма лаца, цуьнца гергарло а ма леладе, боху Дала Къуръан чохь. Керстанашна а, бусалбанашна а йуккъехь барт а, машар а хир ма бац цкъа а. Хила йиш а ма йац. Керста доттагI, накъост лаьцнарг Делах ма волу, Делерчу къинхетаме дог дохийла ма йац цуьнан!

      – Стомара гуламехь-м иштта ма ца элира ахь, Хьуьса, – накъосташка бIаьрг а таIош, кхоссар йира Янаркъас. – Оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, царна а, церан Iедална а муьтIахь хила деза, царна дуьхьалверг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву бохуш, ма дийцира ахь. И оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а бац ткъа, бисина оьрсий санна, керстанаш?

      – Паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, муьжгий а цхьаъ бац! Муьжгий цхьа а дин доцуш, Делах ца тешаш адамаш ду, xIapa ДошагIар, ХьомсуркъагIар санна, къуй, талорхой! Уьш доттагIий а, накъостий а лаца мегар дац.

      Нахана йуккъехь белар иккхира.

      – Делахь, Хьуьса, со Iеламстаг а вац, суна Iаьрбийн мотт а ца хаьа, – элира Овхьада. – Со Бакохь волуш, цхьана воккхачу Iеламстеган кертахь петарехь Iийна со. ТIаьхьа, Сибрехь волуш а, гIезалойн къомах волчу цхьана Iеламстагаца а масех шо хан цхьаьна йаьккхира ас. Цара дуьйцуш а, сан хеттаршна жоьпаш луш а, бусалба динах дуккха а хиъна суна. Пайхамара Маккарчу керстанашна дуьхьал ша тIом бечу хенахь, цаьрца мостагIалла долчу, цхьана а динехь боцчу Iаьрбийн тайпанашца барт а бой, цаьрца цхьаьна Маккарчу керстанашца тIом беш хилла. Пайхамара бусалбанашна, бусалба динна аьттонна цхьана ханна динарг, вешан маршонан дуьхьа вай дан хIунда ца мега? И цхьаъ ду. ШолгIа, сан вашас Iабдис, керстачу оьрсийн махка а воьдуш, керстачу оьрсийн совдегаршца гергарло а лелош, цаьргара товар а оьцуш, кхуза схьа а дохьий, шуна духку. Йуьртден СаьIадан вежарий бу оьрсийн пурстоп а, округан начальник а. Оьрсашна полицехь хьалха гIуллакх дина Инарлас а, ЧIонакъас а. ХIинца изза деш бу цушиннан кIентий а. Шу хьолахошна а, динадайшна а хIунда мега керста оьрсий доттагIий а, накъостий а леца а, цаьрца гергарло лело а, царна гIуллакх дан а, ткъа къен-мискачу нохчашна хIунда ца мега?

      – Э, Овхьад, шена уьстагIа белча, моллас жен-жIаьла кешнашка дIадолла магийна бохуш, ца