– Оцу айхьа дийцинчух нохчий кхето, церан ойла цу aгIop дIахьовзо ницкъ кхочур буй-те хьан, Iела?
– Дера, бац. Вайн къам Iилманна, кхетамна тIаьxьaдисина. XIopa стеган, xIopa къоман кхетам Iилманца бу. Дала а боху бусалбанашка Iилма Iамаде. Пайхамара а аьлла, шаьш аганара гIевттичахьана дуьйна, кошан лахьте дерззалц Iилма Iамаде. Нохчашна ца лаьа Iилма Iамо. Нохчийн дерриг хьекъал бIаьргаш чохь ду. Нахана Iилма Iамo а, нах кхето а вайшингахь Iилма а, хьекъал а дац, и ший а вайшингахь хилча а, и болх бан хан а йац вайшиннан. Амма нах кхето гIертар, нах зенех-зуламех, бохамех ларбан гIертар, нах эрна хIаллак ца хилийта гIepтар декхар ду вайшиннан, цхьана дийнахь бен дуьненахь ца вахахь а. Ткъа сан бала а кхаьчна, гIалатех со ларван гIортарна баркалла хьуна. Со ларлуш хир ву.
– Къаьсттана Хьуьса-моллех а, Iабдих а ларло. Цаьршиннан бIаьргаш а, лергаш а, меттанаш а ду нахана йукъахь къайлах лелаш.
– Iабди хьенан, мила ву?
– Совдегар ХортIа дагавогIий хьуна? Цуьнан кIант ву-кх.
– Овхьад а вац ткъа ХортIин кIант?
– Ву. Амма иза шен доьзале ца хьаьжна. ХортIа а, Iабди а вицвийр волуш, кхин цхьа кIант а вара ХортIин. ТIаьххьара тIом болуш, йурт тало а, йаго а чубаьхкинчу салташна хьалхаваьлла лелаш, МIаьчига а, Васала а вийра иза.
– МIаьчигах а, Васалах а хIун хилла?
– МIаьчиган цIа чу а къовлавелла, тIом бира цаьршимма оцу дийнахь. Дуккха а салтий байъира цаьршимма, и шиъ а вийра.
– Дала декъалвойла и шиъ. ГIийла, къен-миска ши стаг вара и шиъ, амма майра а вара доза доцуш.
Хьеший баьхкина аьлла, веанчу Дауда дIавигира и шиъ.
4
Iела ган догIу йуьртара а, арахьара а адамаш севцира. Шайн цIа дирзира Ахьмад а, Айза а. Шен къаьхьачу ойланашца йаьссачу хIусамехь цхьа висира Iела.
Амма цул а холчохь дара Ахьмад а, Айза а.
Пхьуьйра ламаз а дина, суьлхьанаш дохуш, поппаран маьнги тIехь голаш тIе йуьхьар а вахана хиъна Iapa Ахьмад. Цуьнан ойланаш дукха гена йара ша Далла йечу Iамална. Цуьнан хIусамнана нехан стеган цIаpтIexь зуда ма йу. Iела дийна хиларх массара а догдиллинчул тIаьхьа, ткъа шо даьлча, йалийна. Ахьмада ша дагаваьлла а ца йалийна. XIapa, хIусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висча, цхьана наха, вовшашца дага а бевлла, йалийна. XIoкху шиннан а бертаза. Ахьмадан декхар дацара Iелех йисина зуда йало. ДIора гepгapa дацахь а, доттагIалла ма дара цаьршинна йуккъехь. Цул сов, вовшийн чIогIа сий деш ши къонах ма вара и шиъ. Амма нахана карийра Ахьмад а, Айза а бертадало бахьанаш а, некъаш а. Йуьрта баьхкинчу салташа воккхахволу кIант а вийна, цIенош а дагийна, кертахь мел долчу