Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
ницкъ кхочур бац оцу гIуллакхийн кIорге ган. ЦIa вогIуш бехачу новкъахь цIерпошта тIехь соьца нисбеллачу оьрсаша дуьйцуш хезна суна, шегарчу Iазапна а, Японица тIом болорна а реза доцу оьрсийн халкъ Россин йаккхийчу шахьаршкахь паччахьна дуьхьал гIуьттуш ду бохуш. Ткъа ас бийцинчу тутмакхаша олура, Россера дерриг а халкъаш цхьаьна а кхетта, цхьабарт болуш ца гIевттича, цхьана къоме шегга паччахьера, хьоладайшкара маршо йаккхалур йац. Оцу гIаттаман коьртехь Россехь уггар доккха долу оьрсийн халкъ хила деза. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша Россерчу кегийчу къаьмнашкара дIайаьккхина маршо царна йухаерзо декхар ду оьрсийн къоман. И декхар кхочушдан оьрсийн къомана гIo дан деза дисинчу къаьмнаша массара а. Оцу тIехь и тутмакхаш бакълуьйш санна хета суна.

      Iелас дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iачу Ахьмада, иза сацо гIерташ, мосазза а муьшка йира цунна. Шен къамел цо ца сацадойла хиъча, хьалагIеттира Ахьмад:

      – ХIан, цкъа дIасадовлал, делкъан ламаз дийр ду вай. Схьаоьхучуьра адамаш лагIделлачуьра, Iелас жимма садоIур.

      3

      Лулахойн цIа чу а вахана, ламаз дина, вирд даьккхина, шаьшшиъ паргIатваьлча, оцу къамелана тIе йухавирзира Ахьмад.

      – Вайша ваьшшиъ волччуьра, хьоьга цхьаъ ала лаьара суна, Iела. Оцу нахана йукъахь ахь дукха майра хабар дийцира. Хьо сацо гIерташ, хьуна муьшкаш а йира ас, хьо ца кхийтира. ХIaрa Iедал тIедеача, хьалхалерчу къонахийн зама дIайаьлла. Iедало шайна сом делча, шайн да-нана а духкур долуш дукха нах бу. Нахана йуккъехь айхьа къамел деш, ларлуш хила веза.

      – Иштта нах хир буйла, хаьа суна. Цхьаммо хаттар дича, жоп ца луш Iойла а, жоп луш бакъдерг йа сайна хетарг ца олуш Iойла а ма дац. Шалхонаш лело ца Iемаш, къанвелла со.

      – Бакъдерг ца деза цхьанна а. Суна хетарехь, Дала адамаш дуьнен чу кхоьлличхьана дуьйна схьа цкъа а бакъдерг тоьлла а дац, нийсо хилла а йац. Бакъдерг оьшу, харцдерг тоьлу. Бакъдерг дуьйцучунна иза шена бале, бохаме, зуламе долу. Хьоьга шалхонаш лелае, ца боху ас. И бакъдерг айхьа аьлча, иза хьайна бале, бохаме, зуламе дер долуш хилча, вист ца хуьлуш, IаддаIе, боху. ЦхьакIеззиг бехкбаьлларг йа бехк-гуьнахь а доцург нехан маттаца хIаллакво хIокху заманахь. Хьо къанвелла, Iела. Йуха Сибрех воьду хан йац хьан. Вахча, йуха а вогIур вац.

      – Делахьа Ахьмад, ма дика хаьа-кх суна иза. Сибрехь айса лайна ткъе берхIитта шо-м хьехор а дацара, оцу хьалхарчу цхьана шарахь а со дийна висарх цецвуьйлу. Къона хиларна лайна хир йу-кх ас и халонаш. Ткъа нахана йукъаваьлча, сайга хаттар дича, йа цхьаммо гуш лаьтташехь харц, питане хабар дуьйцуш, вист ца хуьлуш, пхьагал санна, дIа а тебна муха Iен веза? Ала дезачохь бакъдерг дуьххьал дIаала, боху Дала.

      – ХIета, со пхьагалх тарви-кх ахь! – велавелира Ахьмад. – КIилло а хилла ца ваьлла со маршонехьа къийсамна йуьстах. Вайн къийсам а, оцу къийсамехь хIаллакьхилар а эрна хиларх кхетта со. Хьо лаьцначул тIаьхьа, Симсарара Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, гIаттам хилира Нохчийчохь, коьртачу декъана – хIокху Нохчмахкахь. Хьекъале, майра кIант вара иза. ГIаттаман коьртехь хилла кхойтта стаг Соьлжа-ГIалахь ирхъоьллира, гIаттам хьошуш, дуккха а байъира, эзарнаш