Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
хьийза Акхболатан Ахьмад. Цуьнан шина а буйнахь цхьацца тур ду. Аьтту а, аьрру а – шина а aгIop мостагIий цоьсту цо. Iелин цхьа ност кIел а йуьтуш, охьакхета цуьнан говр. Цунах маршавала гIертачу Iелин аьтту белш дIаьндарго йагайо. Ша хIетта цунна тоьхна, кIур туьйсу тапча доьхкарх а йуллий, тур ойу хьаьрсачу дошлочо. Iелас шен сих дог дуьллу. Амма оцу минотехь хьаьрсачу дошлочун корта белшах къаьста. «Воха ма вохалахь, Iела! Суна тIexьа говра вала!» – мохь бетта Ахьмада. Iела говра тIе хьалавала гIоьрту, амма ницкъ ца кхочу. ТIаккха Ахьмада шен андийчу куьйгашца озийна хьала а ваьккхина, шена хьалха пурхалла вуьллу иза.

      Цул тIаьхьа шех хилларг ца хиира Iелина. Буьйсанна йуккъехь синкхетаме веача, цунна йуххехь хевшина Iаш бара Аьрзу а, Маккхал а, чов хилла пхьарс кочахь Акхболатан Ахьмад а…

      4

      Iела, доккха са а даьккхина, Iусмане хьаьжира. Хаац, цо стенан ойла йора, цунна а хIун карладаьллера. Амма иза а вара, куьйга корта а лаьцна, гIайгIане-гIийла.

      Акхболатан Ахьмад, йуьртахо хилар бен, гергара а, йа доттагIалла долуш а вацара Iелин. Амма иза вуьззина къонах вара, цIахь а, арахь а шел дика кхин хуьлийла доцуш, тешаме а, дика накъост а вара. Iелина цкъа а ца дицлора хIетахь цо ша Iожаллех кIелхьарваккхар.

      – Муха стаг ву и Ахьмад? – хаьттира Iелас.

      – Дика стаг ву. Суна а, да санна, дика ву.

      – Ткъа Айза реза йуй цунна а, шен маренна а?

      – Нанна а дика ву. Массарна а дика ву иза. Aмма сан нана ирс дайна, декъаза зуда хилла. Шa цIа мосазза йoгIy, тхан хьалха хиллачу беша а йоьдий, цIенойх бисинчу борза тIе охьа а хуий, дукха йоьлху иза. Тхан да ца вицло цунна. Амма Ахьмадана хамталлаш а ца йо. Мацах цкъа Ахьмада цхьана тIамехь тхан да Iожаллех кIелхьарваьккхина, боху. Цунна а чIогIа сий до ас Ахьмадан.

      «Маржа, Айза, йаI! Цхьаьнакхета хьоьгуш ма дукха лийлира вайша, цхьаьнакхетча, безамах марзо ма кIезиг ийцира вайша. Вайшинна вовшийн ца дезний, вовшашка са ца тийсина а ца къаьсти-кх вайша вовшех. ХIун дийр ду ткъа, Дала азаллехь иштта йазбина хилла-кх вайшиннан кхоллам», – ойла йора Iелас.

      Йерриг а къона хан а, безам а, тешам а шена схьабелла, шеца цхьаьна а, ша Сибрехь волуш а йагарйина ца валлал дукха халонаш лайна Айза ган сатеснера цо. Амма иза муха гур йу цунна? Церан хIycaмe гIойла а дац, кхуза схьакхойкхийла а дац. Цуьнан кхин хIусамда ма ву. Амма ган йеза, мухха гина а. Айза гича, цуьнан озе ладоьгIча, шен кийрара бала байлур болуш санна, цо иза ах дIаоьцур болуш санна, хетара Iелина.

      – Генахь йехаш йуй Айза?

      – Йац дера. Цхьа масех цIа ду тхуна йуккъехь.

      – Цигахь дина бераш дуй Айзин?

      – Цхьа кIант, цхьа йоI ду.

      «Дика ду-кх иза а. Сан кIантана ваша ву-кх. Амма суний, Айзиний йуккъехь боккха берд а бу-кх иза».

      – Кхайкхича, схьайогIур йарий-те Айза?

      – ХIунда ца йогIу?

      – Цо кечбина дукха кхача биъна ас цуьнан хIусамехь. Со гича, вовза а мегара цунна. Оьрза-ГIалара веана Андри цIе йолуш цхьа гIалагIазкхи ву хьо ган лууш, нагахь йогIийла делахь, схьайола, алахьа цуьнга.

      – Иза хала доцург