Воккхачу стагана тIаьххье гучуйелира тIехь ахьарх а, демах а дуьзна масех гали а долуш, тIаьхьатесна берстина боккха сту а болуш, стерчийн салаз. Воккха стаг, соцунгIа а хилла, салаз шена тIаьхьа а кхиийтина, стерчийн йуьхь лаьцна вогIучу жимачу стаге вистхилира:
– Салаз, чоьхьа а йаккхий, дIахIоттае. Iусмана а, ахьа а оцу старина сихха шаьлта хьакхий, иза тилабе.
Оцу стагана тIе тидам бахара Iелин а, амма бIаьрса гIийла долчу цунна иза генара ца вевзира. Цуьнца салаз йалош веана жима стаг сийсара вевзинера Iелина. Иза Айзин кIант Дауд вара. ХIета, и воккха стаг Акхболатан Ахьмад бен хуьлийла дацара. Iелина хааделира кхузахь долчу дерриг а адамийн тидам цунна а, шена а тIебахана хилар. Ша хиъна Iачуьра хьала а гIеттина, цунна дуьхьалвахара Iела.
– Ассаламу Iалайкум! Хьо марша вогIийла, Iела! – Iелин куьг а лаьцна, мараиккхира Ахьмад. – Эзар балех волийла, кхин керстанан буйна воьдучух Дала ларвойла хьо!
ХIинца, уллора хьаьжча, шеко йоцуш Ахьмад вевзира Iелина. Дуккха а хан йаьллехь а, хьалхалера васташ ларделлера цуьнца.
– Дела реза хуьлда хьуна а, Ахьмад! – шаьшшиъ маракхеттачуьра дIасакъаьстича, куьг дIа а ца хоьцуш вигна, иза шена улло охьахаийра Iелас. – ТIаккха, Ахьмад, гезалойн арахь айхьа со, Iожаллин багара а ваьккхина, хошкалдахойн хьаннашка вигна де дицделлий хьуна?
Ахьмад воьхна хьаьвзира.
– Ца дицделла. Дицлойла а дац оцу шерийн денош.
– Оцу дийнахь со кIелхьарвоккхуш чов хилла пхьарс сакхт бисира хьан…
– Ас динарг вай массара а динарг дара, Iела. Накъосташа со Iожаллех кIелхьарвоккхуш а, ас накъостий кIелхьарбохуш а меттигаш хуьлура. ТIамехь иштта ма хуьлу. Эзарнаш байъина, эзарнаш заьIап бисина. Суна хилларг-м хIумма а доцург дара. Цул дийцахьа айхьа лелийнарг, хьо цIа муха веана?
– ХIун дуьйцур ду? Сибре гена, шийла мохк бу. Ткъа и каторга дуьненан жоьжахати йу. Цигахь хьоьгуьйтучу Iазапо стаг хеназа къанво, Iожалла йо. Тхуна тоьхна итт шо хан чекх а йалале Iожалло дIабаьхьира сан накъостий. ТIаьххьара а соьца висина бено Илес а кхелхира шуьйтталгIачу шарахь. Йисина ткъе йалх шо хан, вайнехан стаг бIаьрга ца гуш, йаьккхира ас. Бакъдерг аьлча, ас дог диллинера со кху махка воьрзур ву, вайна вовшийн гур ду бохучух.
– Хьайна тоьхна итт шо хан текхна ваьлча, цIа ца хийцира хьо?
– ХIан-хIа. Цигахь ваха маьрша витира, амма цIа верза бакъо ца лора. ХIунда сецавора, суна сайна а ца хаьара. Схьахетарехь, Iаьлбаг-Хьаьжа