Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
пурба доцуш цхьа а вист ца хуьлура. Цхьаммо къамел деш, цунна йукъа а ца лелхаш, лерина ладугIура. Гуламо тIеэцна сацам, йина кхел цхьа а дIасахьийзор доцуш кхочушйора.

      Таханлерчу гуламехь уьш дацара. Баккхий нах, мичахь бу а ца хууш, бист а ца хуьлуш, хевшина Iара. Царах баьчча а, къаной а муьлш бу а ца къаьстара. Цхьаммо къамел деш, цуьнга ладугIуш стаг а вацара. Собар дацара. ОьгIазе маьхьарий хьоькхура. Веккъа цхьана Овхьад цIe йолчу стага бен, хьекъале, пайден къамел ца дира цхьаммо а. Бисинчара вовшашна тIехбеттамаш бора, Iиттарш йора, вовшийн сийсазбора.

      Доцца аьлча, Iела махкахваьлла лелачу оцу шовзткъа шарахь, тIе галбовлар бен, хьекъале, кхетаме, иймане ца баьхкинера Гати-Юьртара нах. Изза хир ду-кх нохчийн кхечу йарташкахь а.

      Замано а, Iедало а къинхетамза болх бинера нохчийн къам шен оьздачу гIиллакхех а, амалех а дохорна тIехь…

      2

      Оцу дийнахь суьйранна бен шен хIусаман да ца гира Iелина. ХIара Iуьйранна хьалххе гIеттина араваьлча, рогIехь жа дажо вахана иза суьйранна бен цIа ца веара. Шайн хьешо божали чуьра кхелли дIайаккхар хиъча, оьгIазвахана, зудчунна дов дан вуьйлира.

      – ХIай, стаг, хIай, ахь соьга хIун де боху? – йелха ийзайора бехкалъйахана хIусамнана. – Вайн устазора, ца хиъна суна цо динарг делкъехь бен. Ас пхьарс лаьцна ийзаварх, чу а ца веара, даккха гIертарх, шада соьга схьа а ца делира. Ахь сайн бехк бийр буйла хууш, со-м дукха гIиртира цуьнга и дIа ца йаккхийта.

      Дарвелла хIусамда генавала воллийла хиъначу Iелас хала меттавалийра, дерригенна а ша бехке ву, мукъалла са а гатделла, хIусамнене а ца хоттуш, и болх шеггара бира ша аьлла.

      Iелас хIусамдега дийцира тахана ша йуьртан гуламе нисвалар, амма цигахь дуьйцуш шена хезначух дош а ца элира.

      – Цигахь хилла воццушехь, хаьа суна йуьртдас хIун дийцина, – цавашаре куьг ластийра хIусамдас. – Iедалан налогаш а, гIуданаш а дIатакха деза, ца такхахь, тражникаша, схьа а баьхкина, кертахь мел долу xIyмa дерриг а лаххьийна дIахьур ду, баьхна хир ду цо. Хьесап дина ца валлал дукха йу и налогаш, цхьацца цIерш а техкина. Ког а тасабелла, галвалахь а гIyдa туху. Йуьрта мел веана а, йуьртахула чекх мел волу а хьаькам кхаба веза, цунна говраш, гIудалкх латто йеза дIасавига. Сайн шина старах чомахь дезар эца йиш ца хилла сан цкъа а. Даим дIа Iедалан гIуллакхашна лаьхкина лелош. ДIадаханчу шарахь йетт белла сан, бердах а бахана. Цунна тIаьхьара шинара тIедогIучу шарахь бен дехкар дац. Кертахь шура йоккхуш бежана ца хилча, берашна дан xIyма ца хуьлу. Суна тIехь пхи туьма Iедалан налог йу. Йуьртдас а, писаро а тIе мосазза кхечи а, керта хIуьттуш дIайоьху иза. Ас мичара ло Iедална пхи туьма налог? Аттана тIаьхьа кхиъна дохкуна духкур ду, олийла а дац. Шиннах цхьа сту боьхкича, ши куьг а хаьдда вуьсур ву. Стохка тражникаш а балош веанчу пурстопа налогана дуьхьал кIудал а, тиша куз а баьхьна сан. ХIинца, базара йаьккхича, мах хоттур болуш хIума йац сан декъа тIехь. Тхешан ден хилла герз дахьа гIоьртича, царна дуьхьало йира ас. Оцу тIехула оьгIазло а йина, суна тIера ах декхар бен дIа ца даьккхира. TIe къорза истанг а даьхьира. Зуда,