Малхбузу ламазан хан гергагIоьртича, цхьацца-шишша воьдуш, майданара дIабуьйлура нах. ТIаьххьара а гIевттира баккхий нах.
– Аш хIун олу хIокху гIуллакхана, Лорса? – царна тIевирзира СаьIад. – Со йуьртда хиларх, йуьртана тIе дика-вон деача, цуьнан бала кхача безарш а, листа дезарш а шу ма ду. Лакхарчу Iедало, кхана схьа а деана, йуьртан къаной схьагулбе, эр ду соьга. Шу хIун дан дохку тIаккха?
Лорсас ойла ца йира жоп лоьхуш.
– Йуьртах жоп дала, тхо йуьрто хаьржина къаной а дац, СаьIад. Пурстопа а, ахьа а цIерш йаьхна билгалдар бен. Йуьртара нах оха аьллачуьнга ладугIур долуш боцийла а, хаьа хьуна. Уьш жоьпе, таIзаре озо тхан ницкъ а бац. Тхоьга жоп деха ца оьшу ахь а, лакхарчу Iедало а. ШолгIа. Ахь дагардина декхарш такха долахь, хIора доьзало цхьацца бежана дохка деза. Дукхахболчу нехан кертахь цхьацца бежана а, атталла газа-уьстагIа а дац. Цхьана болу цхьа йетт боьхкича, бераш шуьрех хедар ду, сту боьхкича, гIуллакхаш кхин а галдевр ду. Нехан аьттонаш бац, СаьIад. Цу тIе, ахь ма-дуьйццу дукха а дац йуьртана тIера декхарш. Аш хьарамлонаш лелайой-те, моьтту тхуна. Адамийн собар кхачийна, СаьIад. Адамаш оьгIазе ду. Хьо а дукха тIехваьлла чугIерта нахана. Жимма собаре а, ларлуш а хила.
Вовшийн Iодика а йина, шайн Iасанаш а луьйзуш, дIасабекъабелира баккхий нах.
VI корта. ТIаьххьара чевнаш
Суна гац хьан бIаьргаш лепаш,
Дуьххьара со вохвеш санна,
Массарал а ирс долуш хеташ,
Айъина со лелош санна.
Алахьа, ца йисна хьоьца
Вай тIомахь лелийна йовхо?
Дог сацац, къоналла лоьхуш,
Даханчух богу суй боьхуш…
М. Мамакаев
1
Ша къона волуш баккхийчу наха дуьйцу хезнера Iелина, оьрсашца тIом хилале хьалха нохчий чIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, оьзда, къинхетаме, собаре, барт болуш а бара бохуш. Цара дийцина нохчийн къоман и оьзда гIиллакхаш цхьадерш тIеман халонаша, бохамаша, эрчонаша хьешний, дохийний, дагийний дIадаьхнера, цхьадолчеран лараш, гIаларташ дисинера.
ТIом къизалла йу. ТIамо синош ца кхуллу, синош дойу. ТIамо цIенош ца до, йарташ, шахьарш ца хIиттайо – йохайо. Йалташ, даьхни ца кхиадо – хIаллакдо. Машаречу адамаша бIеннаш, эзарнаш шерашкахь хьекъалца, безамца, собарца, хьацарца къахьоьгуш кхоьллинарг дерриг а къинхетамза хIаллакдо. ТIамо, тIера дай а бойуш, бобераш, къона жоьра-зударий, кIентий а бойуш, къена дай-наной буьту, заьIапхой бо. ТIамо адамаш харцонна, йамартлонна, къизаллина тIетоьтту. Цкъа а адаман са даккха дага цадеанарг, сагалмат хьаша а ларвелларг, цуьнан шен бертаза адамаш