Дарц. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
тхаьш хIоттор ву тхаьшна луъург.

      – Кхин цкъа а налогаш йийца тхо гуламе ма кхайкхалахь!

      – КIордийна, хьехъевлла тхуна и налогаш а, хьо а!

      – Цкъа собардайша, нах! – вистхилира Iелина моллех тарвелла эгIаза, бIаьргех куьзганаш долу воккха стаг. – Делах мукъана а эхь хIунда ца хета вайна? Делах мукъана а хIунда ца кхоьру вай? Бусалба велахь а, керста велахь а, паччахьаш Дала хIиттийна ма бу. Делан лаамца лелаш ма бу. Паччахьаша, церан Iедало, цара хIиттийнчу хьаькамаша бохург цадинарг Далла дуьхьал ма ву. Мила ву xIapa СаьIад? Делан лаамца хIоьттинчу паччахьо вайн йуьртахь шен Iедал латто xIоттийна стаг ву. Вайн йуьртан Iу ву xIapa. Жа долчунна хьалха Iуьно санна, паччахьна хьалха вайх жоп ло хIокхо…

      – Жана Iу веза, борз ца йеза!

      – Вайх уьстагIий тардина Iедало!

      – Собаре хилийша, муъма вежарий! Аш къобал ца до Делан лаамца вайна тIевеанчу оьрсийн паччахьан Iедал? Делан кхелана реза дац шу? ГIопал хила гIерта шу? Шаьш динчу вочу гIуллакхашна дохкодовла. Дела къинтIера вер ву шуна. Iедало тIейиллина налог, бера1, пхи ламаз, ткъе итт марха а санна, вай кхочушдан дезаш пераз ду шуна. Нагахь санна Далла а, Iедална а хьалха вай вешан декхарш кхочуш ца дахь, йалсамане дог дохийла йац шуна вайн…

      – Тоийтахьа, Хьуьса, и хьехамаш маьждиган мимбар чу хIоьттича бер ахь тхуна.

      – Тахана ма хецавели xIapa!

      – Ас цхьа-ши дош эр дара, нах. Пурба дуй суна?

      Хьуьса наха къамелах йукъахваккхарх пайда а эцна, гонна йукъавелира цхьаъ. Iела гуламе кхойкхуш, шеца дIаийзийнарг вара иза.

      – Делхьа, Хьуьса, маситта шарахь нохчийн цIий а Iенош, деана xIapa оьрсийн паччахьан Iедал Делера ду, боху ахь. И паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, боху ахь. Бакъ ду иза. XIapa дуьне-Iалам Дала кхоьллина а, цуьнан лаамца лаьтташ а ду. Ахь цкъа дийцира тхуна, паччахьаш, хьаькамаш шайн куьйга кIелхьарчу адамашна йуккъехь нийсо йеш, церан дола деш, царна рицкъанна гIайгIа беш, догцIена, хьанала хила беза бохуш. Ахь масална валийра Iумар-паччахь. Ткъа тахана кхин дуьйцу ахь. Вайна тIехь къизалла, Iазап, харцонаш латтош волу керста оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а, хьаькамаш а хестабо ахь, церан лаам кхочушцабинарг Далла дуьхьал ву, цуьнан Делерчу къинхетаме догдохийла йац, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху ахь. Халкъ Iазапехь латточу, къизачу, йамартчу паччахьашна, хьаькамашна кIел а таIий, лолла а ловш, Iен боху ткъа адамашка?

      – Эхартахь Дала цаьрга жоп доьхур ду, Дала йийр йу царна нийса кхел…

      – Дала царна эхартахь кхел йийр йара бохуш, хIокху дуьненахь церан харцонаш ловш, садетташ ваха веза со?

      – Вайга паччахьаш а, лакхара хьаькамаш а хийцалур бац, – йуькъагIоьртира кхин. – Амма вешан йуьртахь ваьшна луург дан бакъо йу вайн. XIapa ХьуьсагIар, СаьIадгIар, IабдигIар, ИнарлагIар, мерзаниг дууш, хазаниг тIедухуш, месийн назбаршла а керчаш, шишша-кхоккха зударий а хьоьстуш, бехаш бу. Ткъа вай йекъа сискал а йоцуш, тIелхигаш тIе а кхоьхкина, кенийн мотт-гIайби тIе а дуьйшуш, цхьацца зуда а ца кхабалуш деха. Iедало хIиттийна йуьртда а, къаной а дIа а баьхна, кхин харжа беза вай. Нахана


<p>1</p>

Бера – ворданашца мохь дIасалелош гIуллакх дар. Кхузахь – Iедална болх бар.