– Дера деза хIета шайн Расе дIадига. Нохчаша дехна а, хьошалгIа кхайкхина а ца далийна уьш кхуза, – мохь туьйхира хьалха лаьттачу лохачу, векъначу, беркъачу воккхачу стага.
– Янаркъа, и эскарш вайн дехаршца а, хьошалгIа а кхуза далийнехьара, тоххара дIадахана хир дара. Патарма буза а ахьар доцчу хьан кертара уггар хьалха а доьлхуш. Вайга хоьттуш схьа а ца далийна, вайна лаарх дIа а дуьгур дац. ТIаккха, салт цадовлархьама, вай токху налог дезткъе итт туьма йу йуьртана тIехь. Салт ваьллачунна хьакхин жижиг даадо, керстанашца вижар-гIаттар хуьлу, цара кечбина кхача баар къилахь ду бохуш, салт довла а ца лаьа шуна, йа шаьш цIахь дитарна тIера Iедална налог а ца ло. Йа пачхьалкхан декхар охьадилла, йа йаханчу бIаьста эскаре а бевлла, япон тIаме баханчарна тIаьххье дIaгIo. Цхьана шарна тIаме ваханчунна ткъе диъ туьма ахча делла Iедало. Иза цхьана стеган бахам бу! Шо кхочуш доллу Аьрсамирзин Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а тIамехь волу. Бакъду, Солтханан Солта, цхьа пхьарс а баьккхина, цIа веана. Пхьарс баьккхинехь а, ахча хилла-кх цунна. Iедало цхьа кепек а ца луш, тIаме боьлхуш, чевнаш а хуьлуш, байа а бойуш, схьадогIуш дац xIapa дуьне? Иштта туркойн тIаме ца даханера тхо а? Цига ваханчу тхо веаннах кхоъ цIа веара. ХортIин Асхьабан цигахь Iожалла хилира, Сатун Солтха, пхьарс а баьккхина, цIа веара. Иштта xIyмa ма йу тIом. Йа тIаме гIo, йа тIаме баханчарна дала Iедална ахча ло. TIaьxхьара а кхин цхьаъ ду. ДIабаханчу баттахь Оьрза-ГIалахь лачкъийнчу шина говран лар вайн махка тIеxь сецна. Церан мах ткъа туьма бу. И ахча хIинца а схьа ца делла аш…
– Вайн махка тIе йалийнарг харц лар йу! Тхоьгара гIyда даккхархьама йалийна!
– Вайн эвлахь къуй бац!
– Хилча а, шайн йуьртана йамартло йийр йацара. Кхечу йарташкарчу наха дина иза.
– Шайн вopxIe дена неIалт хуьлда и къола динчарна!
– ГIовгIанаш совцаел, нах! – ши куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира СаьIада. – Вайн йуьртахь къуй, бац элира ахь, Доша? Хьуна уллохь лаьтта Хьомсуркъа мила ву? Эвлайаъ ву иза? ДIога лаьтта Мудар малик ду? Цо къаьркъа стенах муьйлу? Теркал дехьарчу гIалагIазкхийн а, ногIийн а даьхни лечкъош, хене волуш вац ткъа Хьомсуркъа? Цо стенах эцна тоьлла говр а, дика герз а? Полконака омра дина, йуьртана тIехь долу ши бIе шовзткъе итт туьман диъ сом а, къоланна тоьхна ткъа туьма а кхо бутт балале Ведана укурган хазне охьа ца диллахь, ша бIаьста йоллушехьа кхуза тражникаш а, салтий а бахкийтина, чуьра йийбар, сал-пал дIалахьор йу, тIе цхьацца нах Сибрех а бохуьйтур бу аьлла. Шу паччахьна дуьхьал ду, шайн йуьртдас а, къаноша а аьллачуьнга аш ла ца дугIу, аш йийриг бунт йу, боху цо. Цул совнаха, полконакна хиъна, Зеламхас шен обаргашца вайн йуьртахь буьйса йаьккхинийла. Ас дуьххьал дIабоху шуьга, Доша, Хьомсуркъа, и обаргаш а, къуй а кхуза ма кхийла, xIoкху йуьртана бохам