– Тхан даьхни а дигна, стигала вала воллура хьо, лаьттах вола воллура хьо, Хьомсуркъа?
– Стигала а ца волуш, лаьттах а ца вулуш, Зеламхех дIакхетар вара-кх, Инарла.
– Хьайца со а вигалахь, Хьомсуркъа!
– Зеламхина ца оьшу Хьомсуркъа тайпа къуй а, хьо тайпа малархой а, Мудар!
– ТIаьххьара а цхьа-ши дош олу ас, – шен къамел дерзо вуьйлира Хьомсуркъа. – Вайн йуьртана харцонца тIедожийна ткъа туьма гIуда йа Iедале дIадаккхийта, СаьIад, йа бехкениг а каравай, цуьнга такхийта. Иза а, важа а дан шаьш къонахий дацахь, шайн кисанара дIало. Таханчул тIаьхьа нахана йуккъехь диканна а, вонна а сан цIе ма йаккхалахь. Со Iедалан бага а ма Iитта. Со дIавоьду кхузара, соьца вoгIypг схьатIаьхьахIотта.
3
ДIаволавелла Хьомсуркъа а, цунна тIаьхьахIоьттина масех стаг а сацийра, доцца лергина маж-мекх а долуш, оьрсийн духарца кечвеллачу шовзткъе итт шо хенарчу стага.
– Хьомсуркъа, ас цхьа-ши дош аллалц совцийша. Дукха латтор дац шу.
ХьомсуркъагIар дегаза йухабирзира. Нехан гIовгIанаш дIателлац собаре ладоьгIуш а Iийна, мохь ца хьоькхуш, куьйгаш дIаса а ца лестош, оьздда къамел дира стага:
– Йуьртахой, вежарий! Кхузахь динчу къамелах сайна хетарг ала лаьа суна. СаьIада дийцинарг округан начальника шена тIедиллинарг ду. Цунах лаьцна, Iедало лелориг йоккха харцо йу алар бен, кхин дийца хIyммa а дац сан. Амма Хьуьсас а, Хьомсуркъас а доцца динчу къамелех масех дош эр ду ас. Хьуьса, хьо Iеламстаг, йуьртан къеда цIе йолуш ву. Делан дош адамашка нийса дIакхачо а, церан дегнаш чу дижо а, уьш нийса кхето а декхар долуш ву хьо а, хьо саннарш а. Ахь тахана Делан цIарах, Дала аьлла бохуш, дина къамел нийса дац, ахь нийсса бIостанехьа а даьккхина дийцира. Шайн куьйга кIелхьарчу халкъана йукъахь нийсо, барт, машар, ийман-беркат латтош, халкъан бала болуш, халкъах доглозуш болчу паччахьашна а, церан хьаькамашна а муьтIахь хила, цара кхайкхийначу Iедалца нийса некъ а бе, боху Дала. Амма и паччахьаш а, церан хьаькамаш а, Iедал а харцонаш, йамартлонаш лелош, халкъ Iазапехь, лоллехь латтош белахь, церан Iедал халкъана зуламе, бохаме делахь, царна муьтIахь ма хила, церан метта Ша бохучу некъашца куьйгалла дийр долу, цIена, хьанала, къинхетаме паччахьаш а, хьаькамаш а хIиттабе, Iедал а кхолла, боху Дала. Тахана вайна тIехь волу паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, церан Iедал а Дала бохучу некъаш тIера бевлла. Цара