Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
гIаттамна оьшучул а тIех герз а, xIoъ-молха а кечдинера. Йарташкара кегийрхой тIеман гIуллакхна а Iамийнера. XIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo бара, шен коьртехь тIaмeхь бахчабелла майра бIaьнчаш а болуш. ГIаттамна тIехь куьйгалладан чІaгIбина тхьамданаш а бара. ХIоранга а шен-шен гIуллакх дIа а делла. Дан дезарг дерриг а оьзна, лерина дIанисдинера. Оцу тхьамданех, цхьа бeнoйн Солтмурд воцург, цхьа а ца висина тахана. Белла а, къанбелла а, лецна Сибрех бахийтина а, дIабевлла. Церан метта къона тхьамданаш-м хаьржинера аш. Иза дика дy. КхидIа?

      – Герз а, xIoъ-молха а долуш ду. ХIор а йуьртахь вовшахтоьхна бIo а бу, коьртехь тешаме нах а болуш. Муьлххачу минотехь герз караэца, дойшна тIеховша кийча.

      – Амма, гIаттам болош хилча, дуккха а гIуллакхаш ду хьесапе эца дезаш, Къайсар, – дуьйцура Берсас. – Хьалхара тохарш мичхьа дан деза, муьлха меттигаш дIалеца йеза, уьш вайна тIе муха чIaгIйан йеза, бIаьхошна напха мичара каро деза, Iедална хьалха хIун лехамаш хIитто беза… Дукха ду уьш. Церан ойла йан а, царна кечамбан а хан йеза, кIентий.

      – Адамийн собар кхачийна, ва Берса! – мохь белира ЯнгIулбин. – КхидIа са цa дeттало халкъe. Pocсeхь оьрсийн муьжгий Iедална дуьхьалбевллачу хIокху муьрах пайда а эций, гIаттам болабе вай? Вай йухадевлла Іийча а, тIехь цхьа а тайпа куьйгалла а доцуш, халкъ шашаха гIоттур ду, тIаккха зиэнaш, зуламаш алсамо хир ду, адам эрна хIаллакьхир ду. Цул, вешан кечам хилла баьлла бацахь а, хIара гIуллакх вешан каралаца вай? ТIаьхьа цхьана хорша доьрзур дац-те?

      – ЯнгIулби бакъ лоь…

      – Адамаш, бажа санна, хецна дитича, зуламаш совдевр ду…

      – Iaьлбаг, хьо имам ву. ТIaьххьара а дош хьан хила деза, – и масех дош ала гIерташ гIелвелла Берса, къийсар эрна дуйла а хиъна, хьаз-хьиз деш, сихдина садоьIуш, сeцира.

      – Со а реза ву ЯнгIулбис аьллачунна. ГIаттам вайга сацалур бац. Амма, цуьнан гIуллакх генадалале, иза вешан кара схьалаца деза вай. Хьалхара тохар мичхьара дIадоладе вай?

      – Веданна тIера, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Къайсара.

      – ХIан-хIа, Хаси-Юрт дIалаца йеза хьалха, – сацамболлуш элира ЯнгIулбис. – Цигахь эскар алсам ду.

      – Вайна стенна оьшу йуьстах лаьтта Хаси-Юрт? Цул, Ведана дIа а лаьцна, арен тIе девлча?

      – Битал къийсaмaш, – сацийра и шиъ Іaьлбага. – Ахь хIун олу, Берса?

      – Вайна хьалха ши некъ хIутту. Ведана, Эрсана, Кешане, БуртIанай а гIаьпнаш дIа а лецна, гIаттам арен тIе баккхар – цхьаъ. И некъ дика бу, нагахь вайга уьш цхьана дийнахь дIалецалахь. Амма уьш дIалецаран гIуллакх масех дийне далаxь, мocтaгIчунна гIо кхочур ду арен тIера…

      – ШолгIаниг?

      – Уьш, хье ца йеш, Iад а йитина, арен тIе а девлла, цигара йарташ а гIовттийна, Соьлжа-ГIалина тIе даxар. ТІаккха а букъа тIехьа тоъал боккха ницкъ буьсу мостагІчун. Вай шина цIарна йуккъе нисло.

      – КхоалгIа некъ бац?

      – Суна хаац.

      – Хаси-Юьртара дIа аьчкан серийн зIe йуй? – xaьттира Коьрас.

      – Йу.

      – Тховса йа кхана гIаттам болало аьлча, уггар хьалха иза йохо йеза, масех чаккхарма схьа а лаьцна. ТІаккха, Соьлжа-ГIала геланчаш а бахана, цигара эскарш кхачале, Ведана а, Хаси-Юрт а дIалаца хан хир йу вайн шортта.

      Дехха къийсинчул тIаьхьа, Iaьлбага