Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
хIоьттина адам дара цигахь. Йуьртахь дуьйцург хIор а сохьтехь шена тIекхачош хиллехь а, гIуллакх иштта генадаьлла хир ду ца моьттура Шахьболатна. Геннара дуьйна махо цунна тIекхоьхьура шовкъe хиллачу адаман гIугI. Говрашкахь а, гIаш а дIахIиттинчу нахана йукъахь расхачу динахь цхьа бере воллура, куьйгаш дIаса а туьйсуш, мохь бетташ къамел деш.

      – Ас хоьтту шуьга, билтой, шу стенга ладоьгIуш Іa? Йа тхо толаре, йа тхо иэшаре ладоьгIу аш, тоьллачаьргахьа довла? Сила йолчу Нохчамахкахь зандакъойн а, билтойн а ши тайпа ду-кх йуьстахдаьлла Iийриг. Зандакъой севцца, Кешaнeхь лаьттачу кхузткъа салтичух кхерабелла. Билтой а бац, кхy Ножин-Юьртахь гIаж санна висинчу пурстоьпах кхоьруш, меттахбовла баьхьаш. Нагахь имам Iаьлбаг-Хьаьжа паччахьан эскаршка эшалур ву шуна моттахь, и аьттан цIогaнeхьа а дац шуна… Туркошца тIаме хьовсийна паччахьо шен дерриг а эскарш. Оха толам баьккхича, шу тхоьгахьа довлар тIаьхьа хир ду. Амма ас ца элира ала дац шуна, тIаккха, оцу Делан лаамца, оха дан дезарг дийр ду шух.

      Тобанна йукъахь маьхьарий девлира къамелхочунна дуьхьал a, цуьнгахьа а. Къамелдинарг дIа а хилош, цунна улло хIоьттинчу беркъачу хьаьрсачу беречо, чIy санна, дуткъа куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира:

      – ЛадогIа, нах!

      – ЛадогIa!

      – Со зандакъо ву. ХІокху лаьттачу Нурхьаьжас тхан тайпанна йина Iоттар цхьана агIop тIелоцу ас. Iаьлбаг-Хьаьжа тхан зандакъо ву, амма тхо доцчу массо тайпано иза къoбaлвина. Цхьабакъду, массо зандакъо ца сецна шайн зударийн кучан йаххаш лаьцна. Тхан массо йуьртара мелла а нах бахана цуьнца. Таханлера де къонахий къаьста де ду.

      – Ткъа зандакъой стенга ладоьгIуш Іa? – xaьттира Нурхьаьжас.

      – Ма-дарра аьлча, къонах, тхуна атта дац, «хIуьск» ма-эллинехь, тоьпаш кара а лаьцна, аралелха. Кешанерий, БуртIанайрий тхуна тIе а йерзийна лаьтташ йаккхий тоьпаш йу, тIе милт ма-Iоьттинeхь, тхан йартех сийна цIe йилла кийчча. Цхьа пхийтта чаккхарма генарчу Хаси-Юьртахь масех эзар салт а лаьтта.

      – Тхан Чеччалхе а йац, ткъа Зандакъах а, Ножин-Юьртах а aгIo тоьхна лаьтташ? – кIоршаме Іоттар йира Нурхьаьжас. – И салтий, йаккхий тоьпашший вешан махкара дIайаха ца гIерта вай? – TIаккха нахана тIевирзира иза: – Нах! Имам Іaьлбаг-Хьаьжа къoбaлвийриг, паччахьан Iедал, кхузара цуьнан йалхой дIалахка луург, маршо йезарг кхузахь саца, пхьагалан дегнаш кийрахь дерш, йахь йоцурш шайн цIа дIагIо!

      – Тхо дерриг реза ду!

      – КIиллой цIехьа йерза!

      – Билтошна йукъахь вац кIилло стаг!

      Тобанна йукъахь буьрса маьхьарий девлира. Дукхаммо, хIаваэ хьала а лецна, герзаш дaссийра, йуьстахболчара, шодмаш йетташ, дой тIаьхьарчу когаш тIе хIиттадора. Шахьболат тобанна йукъа вала а кхиале, цара шайна бIaьнча хаьржира хьалххе дуьйна Iедале болчу цабезамца гоьваьлла йуьртахо Ларча.

      Совнаха адамаш дIаса а девлла, бартахой шаьш бисча, йукъавелира имаман векал.

      – Нах! Вайн халкъан маршонан дуьхьа гIовтта кийча дуй шу? – мохь туьйхира Нурхьаьжас.

      – Делла дIадовллалц!

      – Йамартло йина, даг чу кIиллолла йоьссина, йухаваьллачун дуьнене даха дог доцийла, хаьий шуна?

      – Хаьа!

      – Цкъа имамна тIаьхьахIоьттинчун,