Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
хиира цхьаболчаьрца хьалхалерчу лераман а, муьтIахьаллин а лар йисина цахилар. ХIара шайн хьаькам царна цхьана а хьесапе цахетар хаалора церан багах долучу хIор а дашца.

      – Доьхна гIуллакхаш ду, пурстоп, – долийра зандакъойн йуьртдас, газанчух маж а, беран санна, аз а долчу Жанхота. – Адам хьерадaьлла. ХIаъа, ткъа, хьерадaьлла. Iедал сийсаздо. Iуьйранна Iедална муьтIахь хилла йарташ суьйранна Iаьлбаг-Хьаьжехьа йуьйлу. Сахьт дац ойланаш хийцайалaрaн. Тахана цкъа-м тийна Iа тхан йарташ. Хьанна хаьа кхана хиндерг? Амма ас тхешан йуьртах дош ло хьуна. Иза цкъа а гIоттур йац вайн сийлаxьчу паччахьан Iедална дуьхьал. Iaьлбаг-Хьаьжа тхан тайпанах стаг ву. XIун дийр ду ткъа?! Куьйгийн пIeлгаш а дац цхьатера. Доккхачу жа йуккъехь гирзе yьстагI боцуш хилац. Наха неIалт кхайкхадо Iаьлбаг-Хьаьжина.

      – НеIалт кхайкхочул, тIаьхьа а довлий, схьалаца! – йукъахвaьккхира иза пурстоьпо. – Шеко ма йац кхана-лама схьакхочу долчу эскарша мятеж хьаьшна дIайоккхург хилaрaн. TIаккха Ieдало жоп доьхур ду шуьга. Аш уьш цасовцор а ма ду мятежникашна шатайпа гIо.

      Пурстоьпан дешнаш Шахьболата гочдича, гIовгIа йелира чохь.

      – Схьалаца ала, атта ма ду! – оьгIазвахара даьттахойн йуьртда. – Стиглахула доьду олхазар схьалаца бахар а, и ахь дуьйцург а цхьаъ ду. Оха стенца лоцу изa? Тхуна гIоьнна салтий луо. TIаккха лоцур ву.

      – Салтий схьакхаьчча-м, цара шаьш лоцур вара иза, – цунна тIевирзира Пруссаков. – Лаамхойх отрядаш вовшахтоха. Герз-х шун долуш ду.

      – Нахана лаац шайн кортош тоьпан дIaьндаргашна кIел леца. Хаьа тхуна и дан гIиртинчу йуьртдайх хилларг а. XIинцале шонойн йуьртда вийна, Бенарчун цIенош дaгийна. Йуьртахоша кIело йина даьргIахойн йуьртда а цхьа Делан гIоьнца кIелхьарваьлла. Амма оха тхешан ницкъ кхочург дийр ду…

      – ХIаъа ткъа, дийшина Iийр дац. Тхешан догIмаш чохь синош мел ду, тхо муьтIахь хир ду Іедална…

      – Тхешан цIийнан нахаца цхьаьна…

      – Цуьнан-м шеко йацара, пурстоп…

      – Тхан йарташкара стаг хIуттур вац оцу пелхьона тIаьхьа…

      – Тхан ницкъ цакхочург де, ахь а ма баха…

      Шайга гIуо аларе а ца хьуьйсуш, хьала а гIевттина, ирахь лаьтташеxь пурстоьпна хьалха муьтIахьаллин чIагIонаш а йина, дIабахара хьеший. Пруссаков резавацара церан леларна. Церан бIaьргаш чохь хьалхалера ийзабалар а ца гора цунна.

      – Церaн дaшaх теший хьо? – хаьттира Пруссаковс, хьеший дIа а хьовсийна, чувеанчу хIусамдега.

      Шахьболата, резавоцуш, корта хьовзийра.

      – Хьалхалерчех тера бац. Суна хетарехь, ма-боьлххура Іaьлбаг-Хьаьжина тIе гIур бу цхьаберш. Йа, шаьш цунна муьтIахь хилар хоуьйтуш, вeкaлш хьовсор бу.

      Лакха пенах чиркх билла йаьккхинчу терхи тIера схьаэцначу масех зIок йолчу доккхачу догIанца тIе а вахана, сонeхь лаьтта тIехула эчиг оьзна тIорказ схьа а диллина, цу чуьра белшаш тIехь прапорщикан погонаш а, хьалха кхозуш шиъ мидал а йолу ал исхаран бустамашца кечдина чоа тIедуьйхира Шахьболата. ТIаккха, тIе а вахана, хаза бустамаш дохуш кечбинчу чола куза тIехула кхозучу герзашна йукъара къастийна, детица кхелина тур коча а тесна, шалго тапчa доьхкарх йоьллира