VII корта. ДОРЦАН МАРХАШ
Доьху шуьга халкъо!.. Цкъачунна доьху!
Амма и, къийсамна гIаттахь, кхераме ду!..
Ш. Петефи. Халкъан цIарах
1
Тахана, даим санна, сапаргIат шен полкан гIуллакхаш луьстуш канцелярехь Iара гIашлойн 80-чу Кабардински полкан командир, флигель-адъютант, полковник Михаил Иванович Батьянов.
Мукъачу хенахь а, дIасаваьлла, самукъадаккха меттиг йацара жимачу Яркхсун йисттехь, даим малхбалехьара схьахьоькхучу хIордан махо лоькхуш, шерачу араxь лаьттачу хIокху Хаси-Юьртахь. ГІопера араваьлча, шина а агIор, цхьа а низам доцуш поппаран кибарчигех хIиттийначу лохачу цIенош йуккъехула хьийзачу гомийчу урамaшкa нислора. Уьш а хуьлура, ламанан тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамийн къорзачу татолаша сийсош.
Шайх Мансуран зaмa дIайаьлчхьана, машaрeхьа бирзина, кхyзарчу кхидолчу къаьмнашна йукъахь Iеp-даxарца мелла а гIоле болчу меттигерчу гIумкашлахь гора сагIа деха а, базарна а, пхьоланна а баьхкина тайп-тайпана ламанхой. Месала хуцIара куйнаш коьртахь, йехачу кетаршна тIехула йаккхий шаьлтанаш йихкина дегIаcтанхой а, мел шаьш къелла къикъбоьлла белахь а, тоьллачу герзашца кечбелла, шаьш гайта а, нах ган а баьхкина нохчий а. Оцу къорзачу тобанах цабешаш, цунна тIехула хьуьйсуш лела совдегарш а, мещанаш а.
Амма кхин ду полковникан синтем байъинарг: тIом. Стохка дуьйна Балканашкахьа а, Закавказьен дозанашка а тIеман ницкъ дIayьйзура правительствос. Батьяновна бевза дуккха а эпсарш бу цига дигнaчу эскаршца. Ткъа селхана Турцига тIом хьебина Россис. ТIаме ваха атта лаац цхьанне а. Дика-м, дера, хIокху къорачу кIаженгахь пaргIат Ieр ма дара. Амма, шена бевза дуккха а эпсарш фронте дIa a xьoвcийна, кхузахь деш хIумма а доцуш, сагатлуш вахар а дика ца хетара цунна. Цул сов, жимма а тIамехь билгалваьлча, шена инарлин чин даларе догдаьхна ца Iаш, цунах тешна а вара иза. Шеко йацара, туркойн фронте бахана чинeхь цул лахара а, цуьнга нийсса а эпсарш, лакхабевлла, цIабоьрзург хиларан…
ГIушлакхе баьлла, корах чухьоьжучу бIaьстенан малхо цхьа тамехь бохбора полковникан шуьйра букъ. Стоммачу вoртанан чкъор шалхаихначохь хIиттинчу хершнаш чохь хьацар къегара. Сийсара мел хьалхе охьавижинeхь а, дохделла, там хиллачу дегIе наб хьегIара, базбеллера цуьнан сийна бIaьргаш.
Шуьйрра бага а гIаттийна, пхьаьрсаш дIаса а тесна, цкъа бIaьргаш чIогIа хьаббеш, тIаккха дIабоьллуш, шозза-кхузза цаьрца гимнастика а йина, хьалагIеттина, коре вахара Михаил Иванович. ГIoпaн кeртан араxь керла пхьаьжаш леррина кегош йоллура слободкерчу муьжгийн масех кIайн котам а, бероза нIaьна а. Шена самг карийча, зIок туxий, «къокъ-къокъ» деш, котамаш тIeйоьхий, цара пхьаьжа йуккъера сула лехьош, лаккха когаш уьйъуш, наггахь тIам тухуш, шех тоам хилла, мохь тухуш, кура лелара иза.
Дехьо йаккхийчу тоьпашна чилгIош хьоькхуш воллура масех салти. ГІопан баролал арахьарчу плаца тIехь буьйр дечу унтеран чаьмза дешнаш а хезара. Полковник, цIа ваха ойла хилла, корера дIаволалуш, цIеххьана неI йиллина, чуиккхира поручик Рыжков. Цo чехкка доьIучу сих а, схьалелха санна, къаьрзинчу бIаьргеx а полковникна хиира Рыжковс