Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
сихха Хаси-Юьрта йухаваха дезар ду хьан, – кисанара йаьккхина, блокнот схьа а йиллина, масех дош тIe а йаздина, кехат шен адъютанте Рыжковга кховдийра цо: – Майоре Козловскийга. Цигара гIумкийн сотня йахийта кхузара дIа уггар гергахь йолчу нохчийн йарташка. Цаьрга дIахаийта, лаьхкина говраш шун махка тIехула йигна, иза шу декъахь доцуш хилла дац, цундела жоьпалла шуна тIе дужу, шун йурт йохо тIаьххье догIуш эскар ду алий. Цул сов, кхоъ батальон сихачу маршаца схьакхачийта а ала, кху агIонгахьарчу нохчийн йарташка йахийта.

      Батьянов Кешане-Юьртан майдана кхаьчча, чIу йукъа а гIур боцуш, луьста лаьтташ адам дара цигахь… Божарий хилла цa Iаш, гондIарчу керташца хIиттина зударий а цхьаьна. Дошлойн отрядца полковник гучуваьлча, гIугI доккхуш, хIорд санна, техкира адамийн кортош. Дуьхьала хьаьдда веана йуьртда а, цуьнца масех хьолахо а, воккха хьаькам шайга вист ца хилахь а, вела ца къажахь а, шайга а хьаьжна, корта мукъане а ласторе догдохуш, кхерабелла, хьестало бIаьргаш цунна тIе a боьгIна, дIахIиттира. Цхьана-шина жимачу стага, схьахетарехь, церан кIенташа, ведда тIe а веана, эпсарийн говрийн урхаш а, луьйтанаш а дIалецира. Амма полковник, хьастабелла тIeбaьхкинчу йуьртан тхьамданашка а, йа церан кIенташка а ца хьожуш, тIех а ваьлла, адамийн тобанна йуккъe вaханa, ceцира.

      – Иттех дийнахь шун хьаькам хир вy co, – элира цо, хьалха лаьттачу тIелхигбевллачу божарийн къух санна йевллачу йаxxьашна тIехула бIаьрг шаршийна. – Со тIеман эпсар хиларе терра, политикех дерг хаац суна. Шyьга мотт лебан говза а, йа догдогIуш а, йа хан йолуш а вац. Суна шуьгара оьшург бакъдерг ду. Соьгара а хезар ду шуна изза. Схьадийцал чехкка, хIунда вийна аш паччахьо, шайна тIехь куьйгалла де аьлла, ваийтина хьаькам? Ас шайна тIехь ден дерг хаьий шуна?

      Уллохь лаьттачу кешанойн йуьртдас мохь тоьххана гочдира полковникан къамел. Нах, шек дIа а боцуш, кхуза баьхкинарш Iедалан вeкaлш а, адамаш а доцуш, цхьа мехкан доцу акхарой долуш санна, леррина цаьрга а хьуьйсуш, тапъаьлла тийна лаьттара. Эххар а, ши-кхо гIулч хьалха велира, бакъийна гIуркх санна, векъана, веха, цIеххьана голатухуш хьаьвзина боккха мара а болуш, шовзткъe иттех шо хенара стаг. Сирдала доьллачу дуькъачу мекхех дайн куьг а хьаькхна, йовхарш тоьхна, йиш а тойина, аьрру куьг йукъарчу шаьлтанан кIайчу макъарна тIе а диллина, вaжa xaьнтIe a хIоттийна, майрра полковнике хьаьжира иза.

      – Ас дуьйцур ду бакъдерг, – вистхилира иза гIоргIачу озаца. – Стенна тIехула доладелла, хоьтту ахь? И ца хууш ву хьо? Тхо ца го хьуна, хIара тIотIеш8 оьхкина, сагIадоьхургаш санна, лела? – нохчочо, дерзинчу дегIа тIе дуьйхинчу эттIачу чоин кач дIаса а озийна, гучудаьккхира холхазах тера хьийзина, даьлла шуьйра некхан у. – Йа тхан бераш ца гина хьуна, дерзина, меца лела? Шаьш тхуна тIехь латто харцо, Iазап а ца тоьу шуна? Хьаькамаш а оха кхаба дийзи. Тхешан доларчу сту-ворданца кха тIе даха а, базара даха а, дечкe дaха а йиш тхан йац. Даим дIа шуна некъаш дохуш, шун эскарш кхалхош, шун хьаькамаш дIасалелош. И дерриг дича а, дитахьара ткъа. Схьа мел вогIург налог тоха вогIy, схьа мел вогIург, и схьало олий, вогIу. Оха мичара ло шуна налогаш, дуьйш-дерзош латта а ца хилча, кертахь даьхний а ца хилча?

      – Цхьа цІока йаьккхина а ца Іа!

      – ВорхІ йаккха гIерта!

      – Тхан


<p>8</p>

ТІотІеш – тиша, тIелхигйевлла бедарш.