Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
стеган когийн тата хезча, йа лаамана лулахочо шега мохь тоьхча, дегIe зуз хьодура: «ХIинца-м вийна валош ву хьуна иза… Везан Дела, хIара де тIекхачале, суна Іожалла ца йели-кх ахь…», – бохуш. Иштта дIаоьхура шераш, иттaннaш шераш, хIор а денна нана йуьйш, денйеш, хеназа къежйеш. Оцу халачу, кхерамечу шераша дахчийнера нохчочун нeнaн дог. Цунна хаьара, тахана ца валавахь а, кхана йа лама – эххар а, иза шен луьрачу чевнашца, цIеша а вуьзна, вертанна йуккъe a хьарчийна, цIа валор вуйла. Цуьнан хIинцца чо бала боьлла беснеш, беран бос банза балдаш, йа къоьжа корта, хебарша аьхна йуьхь ша цкъа тIаьххьара а хьостур йуйла.

      И де кхана кхочур йа лама кхочур хаац. Амма хIор а нанна тIекхача герга дара иза.

      Къеначу XIангIазан кийра богуш бара тIаьххьарчу хенахь. Къаьсттина лерина тергалвора шен кIант Iаьлбаг. Йа майрачо а, йа кIенташа а шега ца дийцахь а, цунна хаьара хIинццалц схьа дика Iалашбеллачу шен доьзална тIе кхерам кхозабеллийла. Ткъа тахана, делкъа ламазаш динчул тIаьхьа, Iаьлбаг ша чувеача, кхийтира нана и де тIекхаьчна хиларх.

      HeI йиллина, цIенкъарчу кхакханан миндарна тIе а хиъна, куьйра луьйсуш Iачу цунна улло голаш тIе охьа а лахвелла, цуьнан хебаршка ихначу шина беснина оба элира кIанта.

      Нана цецйелира кху тIаьххьарчу масех шарахь ца йаьккхина оба кIанта шена йаккхарх. ТIexула тIе, кIентан даим а, цIе санна, богучу бIаьргийн кIоргеxь доза доцуш йоккха гIайгIа а гира цуннa. XIангIаза, йист ца хуьлуш, бIaьргашца хаттар дира кIанте.

      – Нана, хьан кIантIана тIe paгI кхаьчна хIинца. Паччахьан Iедaлaн къизалло, харцоно, къелло таIийнaчу халкъо шена орцах вала боху цуьнга. Нохчийн баьччанаша гIаттаман коьрте хIоттийна хьан кIант. Хьан пурба деза суна, дуьхьало ма йелахь, сан дика нана…

      Къеначу XIангIазан кийра цIеран куьрке бирзира. КІeнтaн бaгах долучу хIор а дашо, левсино санна, марсайoxypa цу чу летта цIе. Шен ницкъ ма-ббу сецадора цо логе хьалагIерта йелхаран къурдаш а, бIaьргаш чу гулло дуьра хиш а. Куьйранан ши тIам дIа а хецна, кIентан Iаьржа корта тIеозийна, шен бесни тIе а таIийна, дIатийра иза.

      Iаьлбаган коьртан чкъор дагийра тIеоьгучу ненан бIаьрхин тIадамаша.

      – Хьо йоьлхуш йац, нана? – xaьттира цо, хьала а ца таьIаш.

      ХIангIаза кучан йухаца дIахьаькхира бIaьрхиш. Йелакъажа, кIентан дог ойъуш, масех дош ала гIертара иза, амма кIайделлачу балдаша, дегош, ийзош, аьлларг ца дора.

      – Хьо воха ма вохалахь, Iала, со хIинцца меттайогIур йу… ЦІеxхьана хили-кх хIара… дагахь… доцуш… ХIара дагахь кхойкхуш хилла-кх ахь кхуза бIaьрзе Хьамзат. Соьга цуьнан иллешка ладегIийта. Хьан кийраxь-м Адин Сурхон дог дара, ткъа со йац-кх, цуьнан нана санна, къонах…

      Iаьлбага дайн куьг хьаькхира ненан сирйеллачу месашна.

      – Ледара ма хилал хьо, нана. Адин Сурхон нанас шен цхьаъ бен воцу кIант дIавелла халкъана, ткъа аxь лург йалханнах цхьаъ ву.

      – Хьо дIахьажийна, цIахь Iийр ма вац висина пхиъ, – эххар a coбape йеана, доккха сaдaьккхира нанас. – Уьш а гIур ма бу хьуна тIаьххье…

      Іaьлбаг кхийрина киртиг, ва Дела аьлла, чекхйолуш йацара. Ненан бIaьрхиша а, дeтталучу къеначу даго а борура цуьнан кийра.

      – Ас муьлханиг къастайе шина ненах? – нанна хьалха гуора а