Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
гIерта хьо? XIapa урд ахь дIадаьккхича, ас йалх берана хIун дан деза?

      – Бераш кхаба хьайн ницкъ бацахь, зудчунна йуххе ма гIерта. Ас кхабарга догдохуш йойту ахь и херсеш?

      Iела цецволуш собаре хиллачу Васална хIинца моха йеара.

      – Хьоь хьайниш санна, массаьрга а дайъалац шайн бераш!

      – Сацайе хьайн муцIара, пис! – мохь белира Iосин.

      – Пис, Къуръанор, йу хьо, йамарт жIаьла! Делах а, нехан неIалтах а ца кхоьру иэхь дайна гIизби! ДIайаккха кхузара хьайн гота!

      Стерчашна тIехьаьдда Васал царна бIостанехьа жIоммагIа детта вуьйлира. Iосин ши ахархо йуьстахъиккхира. Ша аьллачунна тIера ца вала, Iocac, тIе говр а тесна, Васална шед айъира.

      – Дада! – мохь белира Ловдин. – Ма тохалахь!

      Амма йуьхьа тIехула кхеттачу шедо Васалан йуьхь тIе цIен арс хIоттийра. Васалан буйнахь йаьккхина шаьлта гича, нах йукъалилхира, ткъа Iocac, шен говр, йухаоьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, йуьйлина тапча Васалан некха тIе лецира. Амма иза лаг оза кхиале, Ловдин тапча йелира. Коьртан хье а тосуш, цIеххьана аркъалсеттина, тIаккха меллаша цхьана aгIop вазвелла Ioca, ког луьйтанахь буьсуш, охьавахара. Къаьхкина, ткъех гIулч дехьайаьлла говр, охьавоьжначу беречух цкъа-шозза хьожа а баьккхина, терсира.

      ХIинца а кIур туьйсу шегара тапча йарашла а тесна, Ловда, оханна тIехула дIа хьуьнха воьлла, къайлавелира…

      VIII корта. ДоттагIий

      …Хастам лекхачу лаьмнашна,

      Шийлачу шаша хьулдинчу!

      Хастам хуьлда турпалхошна,

      Дала ца бицбинчу!

      Аш къийса – шу тоьлур ду!

      Дала шуна гIo деш ду.

      Шуьца ду бакъдерг, шуьца бу хастам,

      Сийлахь маршо а шуьца йу!

      Т. Г. Шевченко. «Кавказ»

      1

      Аьрзус а, Маккхала а шайн накъосташца цхьаьна шина шарахь гергга, дийнахь-бусий, садаIар хIун ду ца хууш, къахьоьгуш, кечбина гIаттам корта боцуш бисира. ХIор а йуьртахь бара цара хаьржина тешаме тайпанийн тIеман тхьамданаш. Кийча бара уьш муьлххачу дийнахь, муьлххачу сахьтехь, шайн бIаьхой тIаьхьа а хIиттийна, йиллинчу метте дIагулбала. Амма Iай Шелана уллохь хиллачу гIуллакхо доккха ков даьккхинера церан тIеман организацина. Лецначу Кунтин вейтта векална йукъахь вара гIаттамна тIехь куьйгалла дан деза масех стаг. Цул сов, Кунта а, цунна йуххера масех Iеламстаг а дIаваьлча, дегнаш доьхнера дуккха а нехан. ТIехула тIе, Нохчийчу далийна керла эскарш…

      «Нагахь оьрсийн паччахьан кхечу пачхьалкхаца кестта тIом болалахь? – хоьттура шега Маккхала. – Хьан дийр ду гIаттамна куьйгалла? Ма доьхна гIуллакх ду-кх xIapa дан-м ткъа».

      Оцу ойланашца Шелара ара а ваьлла, Басс-хица хьала ЭгIашта боьдучу новкъа велира Маккхаллий, Аьрзуй. Де, стигалахь марха йоцуш, къегина малх хьаьжна дара. Некъана шина a aгIop кхаш тIехь оханаш деш, охкуш, йалташ дерна кечам беш бохкура шелахой. Хезара ахархойн гIийла иллеш, йукъ-йукъа стерчий чехош детта маьхьарий. Берешца цхьаьна ойлане йаьлча санна, гIийла кортош а охкийна йогIура цаьршиннан говраш. Хьалхаваьлла вогIучу ДанчIин кIанта Болата, цхьана минотана а сацам боцуш, шена дага деъ-деънарг дуьйцура.

      Сту