– ТIаккха, кIентий, хIун ду Нохчмахкахь? – хаьттира дерриг сихха хаа сакIамделлачу Берсас.
Маккхала резавоцуш корта ластийра.
– Диканиг кIезга ду, Берса. Шелахь йинчу хьовр-зIовро тIекIелтоьхна дерриг а. Билтойн тхьамданаш Шахьболат а, Умалхьат а, зандакъойн Нуркиша а, БIагIало а шина дага бахана. Вайн барта йукъара дIабовла а лаац, вукху агIор, Iедална цIоганаш а лестадо. Шахьболат а, суьдан къано Саьмби а вовшийн гергара ву. Гезлойн Хасу а стохка дуьйна Iедалца къайлаха йукъаметтигаш йолуш вуй-те, моьтту тхуна. Бакъду, вайн гIуллакхах лаьцна Iедале хIумма а ца олу цо. Шахьболатций, Саьмбиций йолчу гамонна лела. Доцца аьлча, царах тешам бац. Момин Хьотас шен гендарганой, ткъа Ойшин Чомакха шен гIордалой буйна боьхкина.
Малхо йохйинера кIеда буц. Коьрта кIел куьйгаш дохкуш, ша волччохь аркъал а тевжина, диттийн баххьашна тIехула дIа стигала хьежа хIоьттира Берса. Хьуьн тIехула хьийзара талла арадаьлла Iаьржа куьйра. КIез-кIезиг лахлуш охьа а деана, цIеххьана йуьхьархьаьдда иза, дитташ йуккъехь къайла а даьлла, дукха хан йалале, мIарашна йукъакъевлина ижу а эцна, peгIа дIадахара.
– Со цкъа а ца тешара царах, – элира цо паргIат. – Шайн цIоканаш кIелхьарйахаран дуьхьа, ненан марчо духкур дара цара. Царах къаьсташ вац Шахьболат а. Цуьнан бага хьаьжна ву Нуркиша а. Молла БIагIалона оьрсий бIаьрга ган ца безийла, хаьа суна. И ду уггар зуламениг. Амма, шена дашо сом кховдийча, Iедална вохкавала кийча ву. Ас даим а олуш ма ду, вайн берриг бохамаш оцу цхьаццаболчу стешхачу нахера схьабуьйлу. Делхьа, ма ца воьлху-кх со, царах цхьаберш дIадаханчу Iай лецна Сибрех бахийтарх.
– Берриг бац уьш, хьуна ма-моьтту, йамарт, – дуьхьало йира Аьрзус. – Халкъ вовшахтоха, цунах цхьа буй бина, иза къийсамехь хьалха дига ницкъ цаьргахь бен бац тахана.
– Галваьлла хьо, Аьрзу. Цара гIазоте кхайкхамаш бар дац ткъа вайн халкъ дакъаздаьккхинарг? Халкъан кхоллам динадайн кара а белла Iийча, цунах хIун хир ду? Йа хилларг ца го хьуна? Дуьненахь хуьлуш дерг хIун ду а ма ца хаьа царна. Дерриг церан хьекъал а, кхетам а ламазций, доIанашций бу-кх. Йуха а йа гIазоте, йа Iедална муьтIахь хиларе кхойкхур ду-кх цара. Шаьш йовхонехь а, буьзна а хилчахьана, адамашкара бала царна бен ма бац.
– ШарIан Iедал динадайшка а делла, тIеман гIуллакхаш ваьшкахь дуьтур вай, – шениг дуьйцура Аьрзус. – ШарIан гIоьнций бен халкъ низаме далалур дац. ТIе, вай дIатоьттур бац кхечу динехь болу нах. Маршонехьа къийса луург, иза муьлххачу къомах, динехь велахь а, вешан байракх кIел хIоттуьйтур ву.
Берса велавелира.
– Аьрзу, хьан молланаший, хьаьжоший дийр дуй иза? Хьуна дика ца бевза уьш. Цаьрга ладоьгIучу халкъана а ма-моьтту шен бохамашна, шегарчу Iазапна а бехке керстанаш бу!
– Бакъ дац и, Берса. Халкъ дацара ткъа паччахьан эскарера уьду салтий тIеоьцург? Вайца цхьана магIара а хIиттина, летарш, лийраш и керста салтий бацара ткъа? Муха летара? Турпала! Вайца Гунибе йуха а бевлла, цигахь, тIаьххьарчу стагана тIехIотталц леташ, турпала ийгира, – тIаьхь-тIаьхьа карзахвуьйлура Аьрзу. – Вай йаккхий тоьпаш кхийса, кхечу говзаллашна Iамийра цара. И дерриг дицделла хьуна?
– Хилийтахьа,