Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
Гати-Юьрта веана иза Дакашан хIусамехь сецира. Дукха хан йалале хиллачу йуьртан гуламехь гатийуьртахоша, цуьнга има а диллийтина, шайн йукъаралле дIаийцира иза. Оцу дийнахь цунна керла цIе тиллира Лапин Васал аьлла. Цхьа масех де даьлча, шен хIусамехь мовлад а доьшуьйтуш, Дакаша нахе дIакхайкхийра, тахана дуьненахь а, кхана къемат-дийнахь a xIapa Васал шен а, шен вежарийн а ваша ву, цунна тIедеана дика а, вуон а шайна тIе догIу аьлла. Бакъду, нохчийн а, оьрсийн а шина кIентан вошалла гена ца делира. И шиъ цхьаьнакхетта шо кхачале Дакаш вийра. ХIетталц даим а самукъане, векхавелла хуьлу Васал Дакаш вийначу дийнахь дуьйна кхоьлина, ойлане висира. ЦIетоьхначу вешица дIайахара цуьнан дуьненан самукъе. Делахь а, Дакашан вежарша, шена Мархет йалийна, бахам вовшахтоьхча, цо берриг шен ницкъ а, тIамах мукъаваьлла хан а дIалора доьзалний, бахамний. Амма цуьнан кертахь даьхний ца кхуьура. Цамгарх лара халла денбина йетт а, сту а, говр а. Паччахьан эскарш Гати-Юьртана тIелетча, дагочу цIеношна йукъахь нислора даим а Васалан миска хIусам. Шо-шаре мел дели, бахам иэшара, ткъа доьзал стамлора. И дара Васал дакъазваьккхинарг.

      VII корта.

      I

      осин

      I

      ожалла

      Къахетац дуьнена ваьллачу йа веллачу стагах. Къахетац бахам, цIай, ахчий дайначу стагах а. Уьш цхьа а цуьнан ма дац. Амма шен цхьаъ бен доцу долалла – шен сий – дайъинчу стагах кхоам хета-кх.

      Эпиктет

      1

      Кешнийн кертара араваьлла Васал шен кха долчухьа дIаволавелира. TIe къух даьлла дукъделла, йокъано лелхийтина иза гича, дуьненах догдолура цуьнан. Амма шен доьзалан дахар цунах дозуш волу иза, хьаьвззий воьдий, цунна тIехIуттура.

      XIapa къоьлла, xIapa харцо йара иза шен халкъах, даймахках ваьккхинарг, цуьнга шен дин хийцийтинарг. Моьттура, кху маьршачу лаьмнашкахь шена маршо карор йу. Амма оьрсийн помещикийн дIаьвше мIараш кхуза а кхечи. Цхьана кога гIамий, вукху кога жIарий лаьцна, кху лекхачу лаьмнаш тIе хии ши корта болу цIий муьйлу аьрзу. Цо дIахуьйди эзарнаш нохчийн, оьрсийн цIий, дIайаьккхи цаьргара маршо, дIабаьккхи мега болу мохк. ДIа ког мел баьккхинчохь – каш, йартийн херцарш, йагийна бошмаш, йохийна хьаннаш, байлахь бисинчу доьзалийн узарш. Хьаннаш, чIажаш декадо паччахьан тIеман-колониальни гIуллакххойн йаппарша. Вадарх ца вели Васал оцу харцонера, къизаллера, къоьллера. Амма кхузахь иза шен дегIан да ву. Цуьнан зуда цхьаммо а сийсазйийр йац, цуьнан бераш толлучу жIаьлех а, говрех а хуьйцур дац. Кхузахь адамаш къоьллина, къизаллина, харцонна кIел ца совцу. Цара дера дуьхьало йо харцонна. Леш хилла ца баха, герз буйнахь леташ ле. Кхузахь цхьаммо а цхьаьнгге а шен цIоганах серий ца доьттуьйту. Ша сийсазвинарг тухий вожа а вой, обарг волу. Маьрша а волуш къийсамехь Iожалла тIеоьцу. Иштта валар ловзар ду. Васална биц ца ло генара вина мохк. Цунна бус-буса гIенах дуьхьалхIуьтту иза. Боккха там хуьлу гIенах иза гуш, ша цигахь ненан мотт буьйцуш. Ткъа самаваьлча, дуьне кхоьлина хетало.

      Йетт а, йеара старгIа а йоьжна, урд аха гIерташ воллучу МIаьчигна тIеIоттавелира Васал. Йуьхь лаьцна, хьайбанаш хорша дIаийзадора дерзинчу дегIа тIе