Ахьмад хьалагIеттира.
– ДIагIо, Iела. Суьйранна со аравер ву оцу гIуллакхна. Наха лахь – дика ду, ца лахь а – дIатокхур ду и хьаьжкIийн гали. Амма Iосина моьттург чекх-м дер дац!
Iела дIавахча, дикка хIоьттина лаьттира Ахьмад. Цкъа ойла хуьлура цуьнан, мекха баккхар дитина, ши сту хьалха а лаьллина цIа ваха, Васална орцахвала. ТIаккха, ши сту бала Iелина делла дош дага а догIий, соцура. Iосас лелочу хIуьмалгаша доллучух догдаьккхира цуьнан.
«Йа АллахI, боккха болх бу-кх кху адамийн сутаралла. ГондIарчу къаьмнашлахь элий бу, цара нах бацабо бохуш, тхо кхаьрдинарг хIинца тхуна тIедогIуш лаьтта-кх. И цIубдарш довларна кхоьруш ма лецира оха Шемал тхайна тIе, маршонан дуьхьа ма Iенийра тхан халкъо кху дезткъа шарахь шен цIий! Амма уьш йукъадаржа доьлла. Буйна Къуръан а лаьцна – цхьаберш, хьалха жIараш оьхкина – важаберш, аьрша а буйнахь – кхозлагIниш. Дела, Хьуна хастам бу-кх…»
3
Ахьмадах дIакъаьстина Iела, дуьхьал новкъа йуьрта ца воьдуш, Васалан кха долчухьа дIавахара. Цунна Васалан кха ганза дикка хан йара. Кхана иза аха дезаш хилча, латта декъа-кIеда, тIе колл йаьлла-йалаза муха ду хьажа лаьара цунна.
Шайн ардаш тIехь белхаш бечу нахаца тIекереш а йеш, воьдура иза. Массо а вара йокъанах кхоьруш. Аьхчахьана тIе догIанан тIадам божаза кхаш, кхарза а делла, чан а йаьлла лаьттара. Дечган нахарца охуш дийначу йалтина кIеззиг йокъа а кхераме йара. Гомха аьхначу лаьттах боьллина буьртиг талхо кIеззиг йокъа а тоьура.
Амма иза йуххешха тIехваьлла ХортIин кха кхечарех къаьстара. Аьчган нахарца кIоргга бIал боккхуш, тIехула аьчган мекха хьийзош шардина иза, кIалд санна, гора. ХьаьжкIаш йийначу цунна уллохула дIа кхин цхьа урд дара цуьнан тIедаьллачу кIено сендина лаьтташ. Кхечахьа цхьанхьа-м бийна мукх а бара ХортIин. Цул сов, йуьртарчу пхеа-йалхамма вовшахтоьхна, аьхкенна лам тIе дигна даьхний а дара.
И бахам тIеман заманахь IаIийнера ХортIас. Йуьхьанца цхьа кег-мерса хIуманаш йухкуш баккхал лело волавеллачу цунах иттех шо далале, шен долахь туька а йолуш, цIейаххана совдегар хилира. Цунна дуьхьало йацара паччахьан Iедалера. Бакъду, Шемала чIогIа дихкинера, эчиг оьцуш бен оьрсашца махлелор, амма ХортIа даим а ахчанца кIелхьарволура. ХIинца Шемал а вацара цунна новкъарло йан. Соьлжа-ГIалахь а, ГIизларехь а ХортIин сий дара. Цига воьдий, дорах товар а дохьий, кхузахь нахера иттазза сов мах а боккхуш, дIадухкура цо, ткъа тIедиллина духкуш хилча, мах кхин а сов боккхура.
Геннара гира Iелина Васалан кхан йуьхьиг. И охуш, йалх сту а боьжна, хIинцале ткъех гуо баьхьна, ши стаг воллура.
«Мила ву-те оцу мисканех сайчул дог лезна араваьлларг? – бохура шега хазахеттачу Iелас. – Дала дог дика де шун делаI, ма доккха гIуллакх ду-кх аш дийриг!» Амма дерриг кха гучудаьлча, цунна гира вукху йуьххьехь говрахь лаьтта Iоса.
Iела