ХIора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха дIауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара йуьйхира.
Хьалха Iаш волчу стаго цIеххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа кIоршаме катуьйхира. ХIун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Йа йоI тIехэсала хеттера, йа цуьнан вешин доьналла кIезиг хеттера, йа муьлха а хIума шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, йа сов маларах кхеттера? Хийрачу стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира…
Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу хIума ду шен ненах, хIусамненах, йишех хийра стаго ларам боцуш куьйг Iоттар. Нохчий дуьненахь а гIарабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн Iадат – иза къоман чоьхьара мах боцу хазна йу. И Iадат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и Iадат дохийнарг йуьхьIаржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна хIора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь цIе дIакхехьа жоьпаллехь хетта. Иза йу и динан хьолаллаца нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъйа оьшу и «нохчалла» – нохчийн маттахь бен маьIна дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь йу и Нохчочун цIе, ткъа йуха и цIе йицлой, хIумма а бехке ца хеташ, къинош летадо.
Шалхонаш лелайар иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза догIуш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера хийла хIума нохчийн культурина, ламасташна, Iер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша тIеIаткъам беш, хийла дIасалестийна и нохчаллин гIортор хилла лаьттина дайн Iадаташ.
ХIора а къоман культурин шен башхалла йу. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан Iадатана тIекхевдина долу куьйг таIзар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан йаьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, цIармат а хIума дара. ЦIий Iанийча бен цIанлур доцу хIума дара цо динарг.
…Йуьхьанцара цу гIуллакхах ца кхетта, воьхна хилла ИбрахIим цIехххьана дера экха санна цергаш йухкуш тIекхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин дIа хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дегIаца дIа а хьулъйеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало мIара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош йацара. Вешин хIуманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана дIайаьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.
Машен цIеххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо дIа схьа а къастош. ИбрахIима цу мIаьргонехь машенан неI схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. ХIуммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара ИбрахIим. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь ИбрахIиман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхерайеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь бIешерашкахь дуьйна кхолламо