Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Акаев ИсмаIал
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Современная русская литература
Год издания: 0
isbn: 9785005565730
Скачать книгу
санна 90—45 хилча, ткъа 44 а хила йеза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира СаьIидана. Цо машенна тIаьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. ИбрахIимца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина «Волги» тIехь волчуьнга вистхилира:

      – ДоттагIа! Цхьа хIума хатта мегар дарий хьоьга?

      90—44 ЧИС лоьмараш хьенан йу-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур йу аьллера соьга, тхойшиъ машен йуьлучохь вевзинчу хенахь.

      – Вай хаьа дера! Оцу машенаца дIасалелаш сан доттагIа Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера йалийна а йара и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву дIасалелош – райком-партин шолгIа секретарь. Тхан «Автокомбинат» цIе йолу гараж Заводски кIоштахь йу, ша Виталик Ленински кIоштахь вехаш ву – Ливандовски урам, цIено 29.

      ТасуевгIеран дагахь доцучу кепара аьтто белира. Суьйре тIе а кхачале карийра Виталик. Вежарша схьаалийтира цуьнга шен куьйгалхо мичахь Iаш ву. Ахьмад Соьлжа-ГIалин центрехь вехаш хиллера. Туьйсина дина лекхачу кевнаш тIехьара гуш дара ши гIатт йолу доккха цIено. ИбрахIима ков туьйхира. Дуьхьал буьрса летира жIаьла. Кевнан херонашна йукъахула ИбрахIимана гира корах арахьоьжу, берхIиттарайаьлла хила тарло, тайначу аматехь цхьа йоI.

      – Мила ву цигахь? – хаьттира цо.

      – Тасуев ИбрахIим ву! Деа когахь долу хIара жIаьла саца а дай, Ахьмад цIе йолу шина кога тIехь долу шайн жIаьла арахеца.

      – ДIадовла дIагIо! ЦIахь цхьа а вац. Ас хIинца милици телефон тухур йу!

      – Шайн жIаьлига дIаалалахь ас шен цIогантIе ког баькхиний…

      Вежаршна шайн цIахь гулделла ТасуевгIеран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.

      Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи дIа Ахьмадана хIун дан деза а, муха кхиэл йан йеза цо динчунна а.

      ЙоьIаца, зудчуьнца и тайпа сийсаза хIума дарна Iадато ма-бохху хила еза кхиэл – бехке волчунна тIера нуьцкъара хеча йоккху, йа цо ша шен бехк тIелоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла дIаваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, йа цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина йа, йоьIана, йа кхин гергара зудчунна до. Амма Зарганан марзхой реза бацара, тIеIоттаделларг къастор шайна тIехь ду, цундела йукъа ма гIерта бохуш. Ткъа ИбрахIима жоп делира:

      – Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун йаьхь охьатаIо ца гIерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна тIедожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь Iаш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан Iедалан законашца и кIелхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. ЙоI шен цIахь Iийр йу, сан доьзала и гIуллакх къастолц. Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь тIедеана аьлла тхан йиша шайн хIусамехь ган ца лаахь, шух кхетта