Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Акаев ИсмаIал
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Современная русская литература
Год издания: 0
isbn: 9785005565730
Скачать книгу
шаьлта санна ира урс ду. Селхана ша шен ден сина дуьхьал са даккха чIагIо йиначу стеган тахана цуо хIуммаъ собарах ца вухуш, маж а, корт а – бошу. Дала хийцина цо шен дахарехь хIоттийна хилла уггаре а коьрта Iалашо. Къаьхьачу цабезаман метта, Кхоьллинчо цуьнан кийра ца духу собар а, кхетам а боссийна. ЧIир леха араваьлла хилларг кху мIаьргонехь урс карахь лаьтта, амма и урс цIий Iано айдина дац, шина тайпанна йукъара мостагIаллин пардо дIайоккхуш айдина ду. Шен чIирхочун йухьтIе оьзна башлаккх дIа а йоккхуш, цуьнан шерашца йахъелла къоьжа маж дIа а йошуш, цо тоьшалла до -мел боккха ницкъ хилла шегахь, кийра буьзна хилла оьгIазло, тховса шайтIа эшош, къинхетамана хийца. Цо шена а, нахана а хьалха тоьшалла до ша Делан лай хиларан, ша делла дош, хIара дуьне мел деха, дехар хиларан, ша а, шен дийнна тайпано а тховса Делан лаам хьалха а тоттуш, дерриге а дуьне а, Iалам а теш а лоцуш, шайн стаг вийначу чIирхочунна цIий хьанал деш хиларан.

      Амма ширачу заманера схьадогIуш алар а ду – делла дош дохош, маж йошуш долу куьйг «дегийна», Iаьржачу лаьтта цIий Iенина меттиг нисъйелла бохуш. Ткъа хIетахь-м ши тайпа тIамца дуьхь-дуьхьал доьдуш хилла. Нагахь и санна дерг халкълахь дуьйцуш диссинехь и тайпа са кIезиг нах а хилла хила тарло нохчийн йукъараллехь. Цундела ларамза хир дац чIир йитарехь зударий хилийта магош ца хилар. Цул совнаха, цигахь нохчийн Iадатаца, чIирхочун уггаре а жимох волу кIант а, йа, цхьаъ бен воцу кIант а хилийта бакъо йац чIир йуьтучохь. Амма тIаьхьарчу бIешерехь чIирхошна делла дош дохийна меттиг нисйелла йац нохчийн йукъараллехь, цуьнан теш лаьтта халкъан иэс лардеш болу, замано къежбина къаной.

      Теркан тогIехь Iуьллу и жима кIотар самайаьккхира сийначу Iуьйрено. Цуьнан массо а маьIIера схьахезара летачу жIаьлийн а, дажа дIадаха сихделлачу даьхнийн а гIовгIа. ГIайгIане ойланаша цIеххьана самаваьккхира Заурбек а. БIешеран доьалгIа дакъа-м хIете а дIадаьллера цо кху Iуьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина кIади дIа а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-йарра сийна йара, хIуммаъ ца хилча санна, лаьтта шен зIаьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….

      ТIаьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старгIа а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Догин доьзална дIакхачо. И гIо дар Iадато магийна ду. Цуьнан барам шина агIоно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостагIалла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Догин гергара нах и тIеэца ца тигира, амма хIете а ЗаурбекагIарна лиира йуха а и гIиллакх цаьрга кховдо.

      Iадато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу кIант ИбрахIим цу дийнахь цIахь сецира. Нагахь санна чIир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, ТасуевгIеран хIу ца хадийтарна жоьпалла ИбрахIимана тIехь йуьссура. Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, ИбрахIима дукха хIума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила.