Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Акаев ИсмаIал
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Современная русская литература
Год издания: 0
isbn: 9785005565730
Скачать книгу
къинхетамца вовшахкхетар. ХIара пайда боцу хIума бахьана долуш, доккха зулам долура вайна йукъахь.

      Жимма корта а оллийна, корах арахьоьжуш лаьттара ИбрахIим. Церан кертахь дукха адам дара гулделла, дукха хьолахь уьш массо а ТасуевгIеран гергара нах бара. Республикин дозанал арахьа бехаш болу ИбрахIиман ненахой а, дехой а баьхкинера, оьшучу меттехь гIо лаца а, тIаьхьа хIотта а. Дикка хан йаьлла берш а, къона берш а уьш цхьаъ цхьанна тIаьхьа чуоьхура. Чоь-м готта йара уьш массо а тIелаца, цундела сацам хилира къамел арахь дан. Къаношна охьаховша гIанташ делира, ткъа кегий нах цаьрга леррина ладугIуш лаьттара.

      ИбрахIим массарех схьа а къаста вина, гулбеллачеран гуоне йукъаваьккира. И ша цхьалха лаьттара, харцахь леларна чехо дIахIоттийна бер санна.

      КIентан алу хилла йогучу йуьхьтIе хьаьжча гуш дара, баккхийчу нахана хьалха собарах ца воха гIерташ, мел кхехкаш бу цуьнан кийра. Кхехкара цIий а, ишта а хьере йолу ойланаш кхин а чIогIа карзахйохуш. Лаге хIоьттина шад а бара, кхуьнан доьхначу собаран теш хила кечделла бIаьрхиш шена чохь къуьйлуш. Цо гIиллакхах ца воха, дагчохь доьхура Деле и собар. Гуо баьккхина лаьттара шортта адам, цIеххьана ИбрахIиман бIаьрг кхийтира Абу-Хьаьжих. Цо тIеIаткъам бинера Заурбек чIирхошца куьйге вахарна а, ткъа хIинца йуха а заманан майданахь кхеран доьзалан дахарехь маьIне дакъалацар тIедожийна цунна Ахьмадан гергарчу наха. Царна хаьа Абу-Хьаьжи йукъараллехь муха ларам болуш, муха цIе лелаш стаг ву, цундела Заурбек цунна дуьхьал вер вац. Цунна а, кхузахь вовшах мел кхеттачу адамна а, нохчийн бIешерашкара схьадеана Iадат дохош, нехан зудчух, нехан йоьIах боьхачу ойланца куьйг Iоттар, пайда боцу дар-дацар а дина тIедаьхьна.

      – ИбрахIим хIинца а жима ву, дахаран чам кхетта, дахаро човхийна вац, цундела ларамза хилла хIуманах, цунна шен доьзална тIедеана доккха эхь хетта – бохуш дуьйцура Ахьмадан гергарчу нехах цхьаммо.

      – Ахьмад жима маларах а кхетта, хьалха Iаш хиллера, водитель Iаш волчу машенан гIантана тIехула пхьарс а баьккхина. КIаьгнаштIехула йолуш машен кхоссайелча, цуьнан малделла куьйг йоьIан куьйгах ца хууш жима хьакхаделлера. Ткъа цIий чехка ИбрахIима иза шен йиша сийсазйан гIортар, цунна тIе ницкъ бан гIортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг ИбрахIима шайна тIедеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах дIабала а реза ду, – нахана йукъахь реза ца хиларан гIугI хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора, – тхо кхета жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна йукъахь машар баран некъа тIехь хьалхара гIулч йаьккха кийча а ду, богIу мах дIалуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолгIаниг – цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, хIунда аьлча иза церан цIентехь йу. Ткъа оха тхайн рогIехь цуьнан хIусамден дерриге а тайпанна хьалха КъорIан тIехь дуй буур бу цу зудчун леррина сий дайа, цунна ницкъ бан тхан стеган Iалашо ца хиллера аьлла. Цундела шу – цу йоьIан гергара нах оха цу гIуллакхах мокъа дуьту. КхозлагIниг, коммунистически партин лаккхарчу даржехь волчу стагана йеттар Iедале ца даккхар а оха тхайна тIелоцу. Цуьнан могашаллин зен хиларан лоьраша дина тоьшалла а ду,