Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Акаев ИсмаIал
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Современная русская литература
Год издания: 0
isbn: 9785005565730
Скачать книгу
атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йира Арсигирис.

      Ткъа йуха-м заманан йохалла хийла доьза дайра и нохчийн декъий, хийла Соьлжа-ГIалин урамашкахь мецачу жIаьлеша дIасатекхадира уьш, хийла мостагIаша сийсаза деш, шерашца Iохкура уьш дай баьхначу лаьттахь а кошан барз ца карош.

      Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира, уьшкхалхойн лаам кхайкош:

      – Шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган!

      Оцу кепара Боки-Дукъархоша гайтина йаьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш. Къано сецира, вехха лаьтта бIаьра хьоьжуш. Маржа-йаI НОХЧАЛЛА – Башломал леккха хилла-кх хьо, амма хьан ирхенаш йаха дац-кх атта…

      ЧIир йитар нохчийн Iадатан лехамашца догIуш, кхин цхьаьна а хIумано новкъарло ца йеш чекхделира. Догин гергарчу наха шаьш хьалха дIахьедина ма-хиллара, сурсаташца а, ахчанца а деш долу гIо тIе ца лецира, ткъа шайн рогIехь ЗаурбекагIара цаьрга тешо йира и кхачанан сурсаташ а, ахча а шаьш Догина тIера сагIийна мискачу доьзалшна дIасадоькъур ду аьлла.

      Чубуза кечбеллачу малхо шен зIаьнарш йаржийна, цIийелла йогура стигла. Ма шатайпа йоьссира хIара суьйре тийначу Теркан тогIехь. Йаханчу заманехь йиссира шерашца кийрахь къийлина массо а гIайгIанаш а, сингаттам а. Доьзалах болчу кхерамо кхин дагах мIараш туьссур йац. Хилларг бIаьргаш дуьхьал хIиттош, набарха вохуш, дагалецамаша а кхин хьийзор вац. Ма маьрша йеара хIара суьйре. Ма шатайпа детталора дог. Заурбек йуха а лаьттара корах ара а хьоьжуш. ЦIегIа босс беттачу стиглахь, меллаша шен шекъа Iенош, баьржара маьркIажен бода. Са бIарзделла, даш санна базбелла сингаттам кийрахь а къуьйлуш, хийлозза бIаьрг биттинера Заурбека кху кIотаран шерачу аренашка, ткъа тховса-м гIенахь лаьмнаш гур ду…

      ХIинца цуьнан бакъо йу лаьмнийн кIажехь Iуьллучу, шен дай баьхна йолчу цу исбаьхьа йуьрта доьзалца цIа верза. Муха йу теша и хIинца? Хьалха санна зевнечу олхазарийн аьзнаша йохий теша и сама? Тишъеллий те кешнийн керташ? Бераллехь идда некъаш къухь йаьлла-м дац те? Йуьрта йистера гу тIехь хIинца а довлий теша шелонца къийссало и ховха лайснаш? ХIинца а дуй-те варшашкахь лечкъаш мекара иччархочух кхераделла лу? Нускал санна кIайчу зазанца кечбелла, лаьттий тIе хIинца а дадас дIабийна хилла кхор? Ткъа хIаваъ… хIинца а дуй теша иза ишта цIена? Хеталора иза кху йуьртан гуо бина лаьттачу лаьмнийн кортош тIера мархаша гулдой хIора а Iуьйранна кху йуьртана совгIатна дохьу…

      Иза ша дерриге а гур ду те? Аьтто хир бу те шерашца йайна хилла кхерчара цIе йуха а лато?! Хастам хиларг ма ницкъ бу хьоьгахь! Заурбекана хIинца хIара дерриге а дуьне кхечу агIор гуш дара. Дуьне хаза дара! Иза хьакъ дара къийсса а, ваха а. Заурбек тешна вара шен берашка