Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь – маьрша-м хир дац иза ша а…
Дахаран тача… Суьртан автор Акаев ИсмаIал
ДА А, КIАНТ А
Хьалхара книга
Iадат
I
Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура йурт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан йара массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам. Уггаре а чIогIа кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина Iаш вара. Йеха къоьжа месаш а, йаьлла маж а – замано гIелдиначу цуьнан йуьхь-сибат тIе хьаьжча гуш дара мел беза хилла дахаран мохь.
ГIайгIане ойланаша кIелвитинера Заурбек. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара йаханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш йара генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу цIерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьгIазе йаьххьаш, лай тIе охьакхиссина сенделла декъий. Цунна тховса йуха а хIетахь санна уллохь хеталора чилланах кхуьнан и эгIазе жима дегI дохда гIерташ хилла ненан ховха ши куьйг.
Ткъа йуха дагалецамаша дуьхьал тессира хIорш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна тIеIоттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго хIинца а бохура хIетахь кхин некъ ца хиллий, кхин йухавала меттиг ца хиллий. Дога цIе йолчу цхьаьна стага бехк боцуш кхуьнан йишин цIе сийсаза йан гIоьртира, ткъа и санна дерг нохчийн Iадатан терзанан барам тIе диллича цIийца бен декхалуш дац. ХIара шиъ тассавелира. Догин гIо лаца цуьнан накъостий кхечира. Ницкъаш цхьатерра бацара, цундела Заурбек урсана тIе кхевдира. Чов чIогIа ца хиллехь а, Дога дукха цIий дIаэхар бахьана долуш дIавелира.
Заурбек ша цу девнехь чIогIа лазийна воллушшехь, Iедалан кхелах ца велира – цунна итт шо хан туьйхира. Ала деза, Заурбекана хилла чевнаш кIезиг йацара. Догин гергарчу наха цу девнехь диг диттина а ца Iаш, тоьпан дIаьндарг а дегIах чекхйаьккхинера. Рицкъ хиларна Заурбек виссира.
Iедалан кхеле хIара гIуллакх диллинчу хенахь, кхин цхьа кхел йара йоьдуш – цигахь сацам беш Догин гергара нах бара. Цара чIагIо йира шайн аьтто ма белли Догин чIирана Заурбек вен. Заурбекана хаьара Iедалан кхел чекхьйалча, Iадатан кхел хир йуй, ткъа иза кхуьнан цIий Iанорца бен кхочуш хир йоций а.
Кху заманахь чIир лехар иза дицдан хьашт долу къиза Iадат хета. Амма чаккхе йоцучу тIемашкахь шайн маршо къуьссу нохчийн чIир лехаран Iадато ур-арталла совцабаро адамна тIекховдарах.
Сталин веллачул тIаьхьа, 1953-чу шарахь Заурбекана амнисти йира. Кхо шо набахтехь а даьккхина, иза маьрша велира, доьзал а кхоьллира. Дуьнен чу велира цуьнан дуьххьара кIант СаьIид. Денош а шераш а луьстуш дIауьдура зама, хеталора дахар шен хорше доьрзуш ду.
Амма дукха хан йалале нана дIайелира. 1941-чу шарахь Брестан гIап ларъйеш доьналлица кхелхиначу шен цIийндена