Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Акаев ИсмаIал
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Современная русская литература
Год издания: 0
isbn: 9785005565730
Скачать книгу
цIа верза йиш йоцуш.

      Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна кхоьруш санна дIауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу цIа веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а йаьккхина. Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн кIажехь Iуьллучу шен йуьртам-м. Иза ваха хиира цунна дукха гена, Теркйистера цхьаьна кIотарехь. Кхузахь иза цхьаьнна а новкъа воцуш, шен хьанал рицкъ доккхуш, къахьоьгуш Iаш вара.

      Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул тIаьхьа университетан юридически факультет а чекхйаьккхира воккхахволчу кIанта СаьIида. Лоьран корматалла кара а йерзийна, нехан цIентIе дIайахара Зарган а.

      Жимох волу ИбрахIим школехь доьшуш вара. Леккхачу дегIахь, зоьртала, цIена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах. Заурбекан массо а берашна йукъахь ИбрахIим вара уггаре а комаьрша а, схьаийна а.

      Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша ИбрахIим доьзалехь къастош вуй. Амма хIете а цхьацца хIуманна тIехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла ИбрахIима шен оьздачу гIиллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа йукъаметтиг…

      Нохчийн массо а Iадаташна йукъахь чIир йитар уггаре а кIоргIера а, чулацаме а лара мегар ду. Вайн дайша шираллера схьакховдийначу цу ламасто бен доцуш вуьтур вац цхьа а. И кхочуш деш йоккхуш йолу хIора а гIулч йу кIоргера маьIна долуш. Цкъа хьалха билгалйиначу меттиге тIекхочу нехан карах веллачун гергара нах. Цхьаьнакхетаран меттиг дукха хьолахь йуьртана геннахь, шерачу аренгахь билгалйоккху. Вийначу стеган гергара нах схьакхаьчначул тIаьхьа, йукъахьлелаш волчо ларамца хаам бо цаьрга чIирхой кхеран кхеле ладогIа кийча хиларах лаьцна. Ткъа цул тIаьхьа цIий Iанийначун агIонерчара дIаболабо шайн и башха некъ. И меттиг мел гена йелахь а, цига гIаш ваха веза. Тобанна хьалха ваьлла шен уллерчу гергара нахаца (да, ваша, кIант) воьдуш хуьлу чIирхо. Йеха палаш, башлакхца дIакъевлина корта а, йуьхь а. Цунна тIаьхьахIиттина богIуш хуьлу цуьнан гергара нах, ткъа царна тIаьхьа тайпанан векалш.

      Шайн стеган карах веллачун гергара нахана тIекхача масех метр йиссинчу хенахь, тоба соцу. Цигахь шина тайпанан къаной дуьхь дуьхьал хIуьтту шайн деха къамел дIадоло. Шина а агIоно билгал ван везаш волу къано йукъараллехь дика цIе йоккхуш, динан Iилма долуш хила веза. Кху шина а агIонна маслаIатан векал хиллера йуртахь а, махкахь а дика цIе йоккхуш, бусулба динан Iилма Iаморехь а, даржорехь а дика кхиамаш баьхна, йукъараллехь лоруш волу ЧIиннахара къано Абу-Хьаьжа.

      Нагахь санна и санна верг вацахь, тайпанера йа, йуьртара кхайкха веза. Церан къамелах доьзна хуьлу кху гIуллакхан муха тIаьхьало хир йу. Ткъа бина сацам шина агIоне бовзуьйту. ЧIирхо вуьту, амма цу тIехь дерриге а чекх ца долу. Шега дош доьхий вистхуьлу стаг вийначеран агIонера векал лаьтта къано. Иза гулбеллачаьрга вистхуьлу. Цуьнан къамел дукха хьолахь кегийчарна лерина ду. Цо сийлахьчу КъорIанан сураташна тIетевжаш дуьйцу мел беза бу адаман мах, мел деза