Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Акаев ИсмаIал
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Современная русская литература
Год издания: 0
isbn: 9785005565730
Скачать книгу
кхочуш дан ойла йерг, суна а де…

      Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган, маьхьарца шен нанна тIекхийтира.

      – Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоьIана тIе цхьа а. Ас хIара дуьне дуур дац хьуна цара и йоI сийсаза йаккхахь!

      Хедас йелакъажарца марйоьллира шен йоI:

      – Ма дийца Iовдал дерг, Зарган! Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу хIума ма дац и.

      Божаршна йукъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а йалийна дIахIоттийна йоIа-м – гуьйренан мохо лестаде гIа-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь хIинцале шайна йукъахь харжам а хIоттийна бара нана, йа йоI хьанна кхочур йу. Иза вуно чIогIа ирча а, цаIрмат а сурт дара ма-дарра аьлча.

      Заурбекан собар кхачош лаьттара. Иза шен вешина Хьабибуллина йуххера схьа а ваьлла, кегирхошкахьа вирзира. ГIовталан тIам дIа а кхуссуш, шаьлтанан мукъ а лаьцна, цо элира:

      – Ас Делах дуй ма буу, кху керта йеана йолу милла а зудчунна раз бIаьра хьаьжна йа, харц дош аьлла вас йиначун ас цу мIаьргонехь са хьала доккхур ма ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу…

      Арайаьллачу Хедас тIебеанчу баланах иза дIалачкъо геIрташ санна маара къуьйлура шена нехан йоI.

      – Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина хIуммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша дIалелчхьана… – йоьлхура йоI.

      – Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр йац хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша йу, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан цIе тховса сийлахь йу хьуна.

      Уьш цхьаьна лаьттара – ши нана а, цхьа йоI а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу йеа зудчун бIаьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна тIебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, хIунда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.

      ХIуммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш – сийсаза йан шайн йоI йалош баьхкинарш, корта хьалаайа йуьхь йолуш бацара, ткъа вуьш – ТасуевгIар хиллачун деган Iижамца маьIна деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара бIаьрхиш а лечкъош. ХIоранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла хIара тайпа эхь шайна тIедеана ца хиларна. ХIоранна а ойла йан бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен тIаьхьенна а хIара санна дерг тIе ца кхачийта. Йукъараллехь шен цIе ларъйархьама, шен сих йаьлла, шен хьоме йоI сийзайан нехан кара дIайеллачу дас, цу мIаьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца гIатто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу хIора а стеган коьртехь цхьа ойла йара – шен йоьIан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар?

      Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. ЧIиран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца Iоьттира цу йоьIах, хIунда аьлча цунна тIе ницкъ