Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
велахь а. Ас дуьйцу ца хезна хьуна, Венгрехь маршонехьа гIеттинчу халкъаца массо а къомах нах бара. Церан гIаттам хьаша баьхкинчу шайчарна дуьхьал леташ. Коьртаниг стеган дог-ойла, адамалла, оьздангалла, къонахалла йу.

      – Ахь дуьйцург ша ду, Берса. Вай а ца къестийна къаьмнаш а, дин а. Шен махкара эккхийна, гIаддайна веанарг вешан ваша вина тIелаьцна. Оьрсий, гуьржий, хIирий, гIебартой, чергазой, кхин дуккха а. Ас буьйцурш кхин бу. Йа шен а, йа вайн халкъан а бала а боцуш, шайн аьттонна Iовдал нах лоьхуш, вайн махка богIурш. Вайна вешан стаг ца везий хууш, кхуза схьа а богIий, вайн коча ховшу уьш.

      – Ткъа вай вешаниш лерац, – дуьйцура Маккхала кхидIа. – Вешаниш хIаллак муха бийр бара-те бохуш, лела. И хуучу арахьарчара цунах пайдаоьцу. Жа санна, шайна луъ-луучу агIор дIасахьийзадо. Къуръан тIера цхьа-ши айат дагахь деша хууш хилчахьана, арахьара стаг ги вуллу. Кара а оьций, куьйгаш тIехь лелаво. Даош, малош, тIедухуш кхобу. Вешан Мансурах хIун дира вай?

      – Уьш массо бехвар нийса дац, доттагIий. Оцу тIебаьхкинчарна йуккъехь а бара майра а, хьуьнаре а, оьзда а къонахий. Халкъ дезаш, даггара цуьнан маршонехьа, бусалба динехьа а къуьйсуш, леттарш, белларш а бу.

      – Ишттаниш кIезиг бара царалахь, – элира Маккхала. – Вайн вешаниш дуккха а хир бара, вайна хилийта хиънехь, хилларш ларбинехь. Вайна ца хаьа вовшийн лера, вовшийн сий дан. Вовшашна йуккъера хьаьгIнаш, гамонаш йу вайх адамаш хила ца дуьтурш. Халкъан барт белахьара йа и барт бан къонахий белахьара, хIара Iедал тIера дIакхоьссина йа цуьнца машар хилла, гIуллакхах тоххара цхьа aгIo йаьккхина хир йара. ХIинца иза а йа важа а дац. Iу воцу бажа санна, даьржина лела.

      – ХIун дийр дара ткъа, хIокху масех бIе шарахь иштта Iамийна-кх вай. Даим дIа тIемаш, хийрачийн олаллина дуьхьал къийсам. Шаьш бIарздича, хIораммо а кIелхьарвала некъ лохура. Боьхий, цIений ца къестош.

      – Иштта-м дара иза, Маккхал, – элира Берсас. – Вайна ваьшна йукъарчу хьаьгIнаша а, девнаша а новкъарло йо оьрсашца машар бан а, паччахьан Iедалх кIелхьардовла а. И имамаш кхечу къаьмнашлахь хIунда бац? Масала, ХIирийчохь, ГIебартахь, Чергазехь? Бахьана стенах доллу? Кхетамах. Хьекъале стаг ша саннарг Iехо ца гIоьрта. ГIуллакх хир доцийла хаьа. Шел Iовдалниг лоху цо. Ас цIераш йаьхначу мехкашкахь, Нохчийчохь санна, бодане къаьмнаш ма дац. Къуьно къола серлонгахь ца до. Къуьнна бода а, барт а боцу меттиг йеза. И ший а Нохчийчохь долуш ду. Цундела нах Iехо луург кхуза вогIу. Вайна йукъа питанаш туьйсуш, вай Iехош, тIум санна, даа.

      Генадоццуш хьуьн чохь диг детта долийра. Дукха хан йалале кхагаран, кIуьран хьожа йеара цигара схьа. Хьун хьоькхуш, йагош, ирзош дохуш бара нах.

      – Дависарг, дуьненан Iилма хууш нах белара вайн, – элира Маккхала сатийсаме. – ХIун Iамадо хьуьжаршкахь? Къуръанаш, жайнаш. Кхолламна сатохар, собаре хилар. Оцунна-м реза ду вай, Дала мукъалахь. Дала лардойла вай Шех а, динах а цатешарх. Амма вайна дуьненан Iилма а ма оьшу. Цуьнца ду вайн халкъан хиндерг. Амма вайнахана и хаац. ХIоранна а ша эла хета. ТIелхигваьлла, къоьлла къикъвоьлла велахь а.

      Берса охьахиира.

      – Лаьмнашкахь вехаш хилла, боху, дика къонах а, хьекъале а ву бохуш, генна махкал арахьа а цIейахана цхьа