Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
кхузахь сецар Iожалла йара, хьалха дIагIертар санна. Воронцовс шолгIа некъ къастийра. Цо сацам бира Яьссица охьа Гезлой-гIопе гIорта. Иза дича, цуьнан йухавалар массарна а гергахь Шемална тIелатаре доьрзура. Ша цигара меттахвалале, цо инарла Бебутовна омра дахьийтира, Iаьндахь а, Гумбетахь а йолу йерриг этапийн пункташ дIа а йахий, Шура-гIала кIегарвала аьлла.

      ХIинца йерриг а догдохийла Кавказски линин аьрру фланган начальниках инарла Фрейтагах тешна йара. Амма муха хаийта деза цуьнга кхузахь хIоьттина хьал? Графо Воронцовс пхеа новкъа пхи стаг хьажийра Фрейтагна тIе, цуьнга кхузара хьал а дийца, дерриг эскарш схьа а гулдай, Гезлойн-гIопе кхача, Яьссица хьала шаьш кIелхьардаха вола аьлла.

      Оза, йеха йуьхь, аьрзунан зIок санна, хьаьвзина мара болчу къоначу ТIелхага сема тергам латтабора Воронцовн отрядаша дIа мел боккхучу когана тIехь.

      Графо Воронцовс Фрейтагна тIехьажийнчу пхеа стагах цхьаъ Гати-Юьртара МуцIин Iоса вара.

      13-чу июлехь 4 сахьт долуш ДаьргIара меттахвелира Воронцов. Хьалха даха атта хилийта, шайца болу беза мохь хIаллакбе, элира цо салташкий, эпсаршкий, ткъа, царна масал гойтуш, шен доларчу безачу механ йоккхачу багажах цхьаьнга цIе тасийтира.

      Воронцов шен отрядца Майртуьпехьа ваха воллу моттаделла ТIелхаг, ЦIоьнтарна уллохь позици а лаьцна, чIагIвелира. Амма, отряд регIаца охьайолайелча, иза Гезлойн-гIопе гIертий хиъна, чехкка цул хьалха а ваьлла, Шоьна а, ТIуртIи-КIотарна а йуккъехь долчу Коьжалкан-Дукъахь чIагIвелира. ДаьргIара охьа цига кхаччалц хаддаза тIелетарш дечу Iисас, Уллубис гIелйинера отряд.

      Коьжалкан-Дукъахь йуха а болабелира къиза тIом. Кхузахь лен чевнаш хилира графана Бенкендорфна, графана Гейденна, графана де Бальменна, элана Эристовна, баронна Дельвигна, полковникашна Бибиковна, Завалийскина. Доллучул новкъарло йора чевнаш хиллачара. Уьш тIехь болчу хIора бармана тIечIагIвина вара йалх-йалх салти. Ницкъ бора салташна йукъайаьржинчу чуьйнан цамгаро а. Аръергарде а вуьйлуш, коьртакомандующи салтийн дог-ойла айъа гIepтарх гIуллакх ца хуьлура. ТIевеанчу цуьнан адъютанто цуьнга элира, мел гIертарх а, инарлийн Лидерсан, Гуркон, Белявскийн а ницкъ ца кхочу гуо хадо, начальникийн хиллачу кхеташоно сацамбина, уггар майра кIеззиг нах йуххе а баьхна, коьртакомандующи кIелхьарваккха.

      Оцу доьхначу гIуллакхашна йуккъехула цхьа кхаъ а кхаьчнера Воронцовна: хIокху тIамехь вийнера нохчийн майрачех ши кIант – эрсанойн Саиб а, веданхойн Элдар а.

      – ХIинца а гена бу бохам! Сан хIинца а куринцаш, кабардинцаш бу! – аьлла, адъютантана жоп а делла, салташна тIевахара граф. – ХIан, вежарий, садаьIин аш? Деле доIа де! Суна тIаьхьа, ура!

      Туркойн гома тур баттара а даьккхина, нохчийн чIагIонна тIеволавелира къена инарла. Массарел хьалха майра инарла гина салтий, йуха ца бовла чIагIо йина, цунна тIаьхьахIиттира.

      Коьжалкан-Дукъахь дуккха а дараш хилла отряд, халла Шовхал-Берда улле а кхаьчна, сецира. Гезлойн-гIопе кхача йисинарг ткъе итт чаккхарма бен йацара, амма йуккъехь Iуьллура тIамехь бахчабелла, йерриг а Нохчмахкахь цIейахана