И тайпа девнаш къаьсттина дукха хуьлура Соьлжа-ГIаларчу базарахь. ГондIара йарташкарчу нохчаша кхуза базара кхоьхьура шайн йалта, хасстоьмаш, стоьмаш. И ца тара гондIара станицашкарчу гIалгIазкхашний, гIаларчу совдегаршний. Вуьшта а вовшашка безам боцчу нохчийн а, гIалгIазкхийн а вовшашца дов ца долуш цхьа а базаран де ца туьлура. ДIайаханчу гурахь Соьлжа-ГIала базара ваханчу Шахьбина хьалхха ишттачех цхьа дов доладелира, даим а санна, цхьа пайда боцчу хIуманна тIехула. Цхьана нохчочо ша дохка деана дечиг хийцинера гIалгIазкхичун хорбазех… Хорбазаш ах вордан тIехь, вуьш лаьттахь Iохкура. ГIалгIазкхичун ворданара хорбазаш шечунна тIе а йехкина, лаьттарниш тIейотта волавеллачу нохчочунна бетах буй туьйхира гIалгIазкхичо. Уллохь лаьттачу нохчочо буй балийтира гIалгIазкхичунна. ТIаккха шаьлтанаш йаьхна схьахьаьлхира базарахь болу шина а къомах нах. Буйнаш, гIожмаш, кара мел йеанарг вовшашна йетташ, уьйриг хилла хьаьрчира уьш. Виэр-ваккхар ца хуьлуш дIадирзира и дов, полиций, цига нисвелла полковник Чермоеввий йукъа а воьлла.
– Хьай, Делан мостагIий, йаI! Дала хьукма долда царна!
– Ткъа и шун бераш-м ца хилла цаьрца?
– Хиллера, дера, уьш-м.
– Зиэн-зулам доцуш дисний?
– Жимма буй-тIара-м кхетта, кхин чов йац.
– Мел-йаI! Хила-м гIеххьа болх хиллера хьуна!
ОьгIазвахана ХортIа Шахьбига дIахьаьжира. Меха йохка ирйеш санна, шен сирачу мекхийн йуьхьигаш а хьийзош, гоьла тIе баьккхина ког а ловзош, аркъал гIайби тIетевжина Iуьллура Шахьби. Халла хаалуш делакъежначу стаммийчу, хьеначу балдашна йуккъехула схьакъедара можа, баьхьанаш санна, шуьйра цергаш. ОьгIазечу бIаьргаш чохь дог Iабар а, къайллаха воккхавер а гора.
– Хьо суна тIе а ма къерза, – элира цо, цавешаш йовхарш а тоьхна. – Хьайн ши кIант, соьга ца вала, вадийна БоргIане вигира ахь. Мидалш-молла, хIун, сол Iилманна лакхаваьлла дира ахь иза? Суна хаьара, хьаьвззина хьо сайна тIе вогIур вуйла!
Чай довха хилар диц а делла, цIеххьана боккха къурд бина вагийначу ХортIина сихъиккхира. ГIовталан кочера ветанаш дIа а даьхна, гIина диллинчу мекхех куьг а хьаькхна, Шахьбина тIевирзира иза.
– Тохарлера Шахьби вац хьо хIинца а?
– Делора ву со-м, тохарлерра Шахьби! И дац ткъа со воккхавевийриг.
– Хьалхе ду хьан воккхавер. Хи тIе а кхачале, шарбал дIайаьккхина бохург ду ахь лелориг. Сан шина кIантана цIоганах цIулла сара ца бетта мега ахь, – ХортIа толаме Шахьбига хьоьжура. – Сан берашна кхин цкъа а хьуьжаре гур йац, Шахьби. Зама хийцайелла. ЦIен кIархаш буьйхина, дIайаха шун зама. Шун жайнаша нах бийр бац сан кIентех. Цхьа кица ду-кх, хьо тIехиъначу ворданан ден илли ала, бохуш. Вай керстанан вордана хевшина. Со церан йир ала воллу.
ХортIас къедочух ца кхетта, чохь берш цецбевлла цуьнга хьаьвсира.
– ХьастагIа Соьлжа-ГIала меха ваханчу хенахь сан хьешаша дийцира соьга цигахь вайн берашна деша йиллина оьрсийн хьуьжар хилар. Цара ишкол олу цунах. Цигахь Iамориг оьрсийн Iилма ду. Воккхахволчу кIантах Асхьабах-м Iилманча хир вацара, Петарбухе вахийтича а. Иза сайца