Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
а, виэзачу кIанта а кIаддинера йа тIегIертачу къаналло кхерийнера, хаац, цуьнан тIулган дог, амма оцу тIаьххьарчу шина-кхаа шарахь цо йитира шен къиза амалш. Делахь а, машар бацара цунний, йуьртахошний йуккъехь. Цуьнан цIе йаккха дезачо йамарт жIаьла олура.

      Ца везара иза цуьнан шен кIенташна а. ХIетте а, царна ца лаьара да вийна боху цIе тIеэца. Амма дийна висинчу веа кIантах цхьамма, Саьмбис, дош-дашера масазза дели, дуьхьалветтара цунна и бахьанехь велла Дакаш. Саьмбин бIаьргаш чохь Iосина гора оьгIазе йогу мостагIаллин цIе. ХIетте а, вешин чIирана кIанта ша вен магар дагадаийта ца ваьхьара.

      ГIуллакх гена а даьлла, шаьш нахала довларна кхеравеллачу Iосас, БойсагIаран гIаттам хьаьшначул тIаьхьа нах лоьцуш, шен кIантана къайлаха пурстоьпе мотт бира.

      ХIетахь лаьцна Сибрех вахийтина Саьмби тIепаза вайра…

      VI корта. Салтичун кхоллам

      «Акхачу нохчел хIумма а кIезиг зуламе бацара машаре нохчий а… Доллучул вуониг – и машаре йарташ а разбойникийн баннашка йерзар, бевддачу вайн салташна туш хилла дIахIиттар дара…»

      А. П. Ермолов

      1

      Дуьхьалнисделла гаьннаш, синтарш шен могашчу аьтту куьйга дIа а сеттош, сих ца луш хьалха дIаоьхура Васал. Сийна тхов бина стигал къайла а йаьккхина, курра тIамарш йаржийна лаьттара, чIу санна, нийсачу, стаммийчу пепнийн йуькъа хьун. Воьдуш, наггахь тIенислора гаьннаш йуккъехула чекхйевллачу зIаьнарийн асанна. Цунна гуонаха уьйриг хилла хIаваэхь хьийзара кегий мозий. Цо безза боккхучу кога кIел чутеIара кIеда гIовда. Когаш кIел нисло декъа чIеш кагделча, къаьхкий, тарсал, попан кIайн-къорзачу гIода тIехула каде хьала а хьодий, цIоганах чIуг йой, разйолий, сема цунна тIаьхьахьожура, иза къайлаваллалц. Шен болх сацабора хенакIуьро. Декъачу гIашна бухахула шур-шур деш дIауьдура дехкий. Амма кхузахь дика дара. Йалсаманехь санна. Латта морцуш, тIеIеткъа бовха малх бу-бац ца хаьара. ДегIана там беш шийла, цIена хIаваъ, олхазарийн бес-бесара эшарш, шакарш…

      Амма Васална ца гора и исбаьхьа Iалам. Цунна ца хезара и эшарш а. Йукъ-йукъа сийна корсамаш тийсина нийсачу пепнийн кIайчу гIаддаша ойланца гена дIаваьхьнера иза. ХIун дара а хаац, тахана карладелира гуттаренна а цуьнан даг чохь дисина беран хенахьлера цхьа де. ХIетахь цуьнан пхи шо хир дара. Таханлерниг санна, аьхкенан де дара иза. Бовхачу малха кIел, дохделла, малделла гIаш охкийна лаьтта кIайн акхтаргаш. Тийна акхтарган хьун. ДIатийнера олхазарш. Ца хаалора диттийн гIаш лесташ.

      КIиранах йалх дийнахь баринан кхаш тIехь болх бан деза цуьнан къона да-нана цхьана кIирандийнахь шайн кхан коржам тIехь болх беш дара. Цаьршимма леррина асар доккхура йокъано дагийна, можа бос бетталуш лохха тIедаьллачу сулина. Ткъа xIaра доккха, бурсанечу акхтарга кIел бай тIехь ловзуш Iара, наггахь, воьдий, цаьршинна гуонаха а хьаьвзаш.

      Малх гIушлакхе баьлча, дуьнен чу гуттар тов хьаьвзачу хенахь, болх а сацийна, садаIа охьахиира цуьнан да-нана. Шийла хи тIе а молуш, Iаьржа бепиггий, хорсамашший диъна, дIатевжинчу дена сихха наб озийра. Татол тIе йахана, лийча а лийчина, йиттина тIехулара коч йакъайала малхе оьллина, йухайеара нана. ТIаккха, бай тIе охьахиъна,