Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
цунна улло ваьллачу кхаа нохчочо чIагIдора, цо буьйцург туркойн мотт а бу, и схьаваьлла меттиг хууш стаг а вац, Нохчийчохь шарI кхайкхо Дала ваийтина эвлайаъ ву иза бохуш.

      Гати-Юьрта а воьссина, кхузахь иза нахе шеца тобанаш дайта ваьлча, цхьа Ioca воцург, берриш а, цунна резахилла, тIаьхьахIиттира. Реза ца хуьлийла а дацара. Цкъа-делахь, Къуръан тIера цхьацца айаташ а далош, цо бохура, ша аьлларг дина, шена тIаьхьа ца хIоьттинчу стеган дуьне а, эхарт а декъаза хир ду. Цо дуьйцура, вай керста дине дерзо, вайгара xIapa мохк дIабаккха ойла йу оьрсийн паччахьан, бусалба дин а, маршо а йезарг, шена тIаьхьа а хIоттий, гIазотана гIовтта бохуш.

      Амма МуцIин Ioca кхеро дуккха а адамаш ирхъохка дезара.

      – Ма Iехадайта шаьш оцу шуьйра шарбал йолчу гIумкичуьнга. Иза эвлайаъ а вац, йа цунна хууш хIума а дац, дIаэккхаве иза кхузара! – бохуш, йуьртахошка кхойкхура Ioca.

      Амма йуьртахоша Ioca тергал ца вира. Итт шо дара, Теркаца гIаьпнаш йоьгIна, оьрсийн паччахь Нохчийчу гIерта. Гати-Юьртана генадоццуш, Iамархьаьжин йуьртахь а, Таьшкичохь а, гуттар йуххехь – Гезлой-Эвлахь а, лаьттара паччахьан эскарш. Шаьш диканиг ца дохьийла цара хьалххе хаийтинера. ХIинца а нехан лерехь декара Ярмол-инарлас йагийначу йарташкара зударийн, берийн маьхьарий, хIинца а кIур туьйсуш йара Соьлжан йистонца цара йаго йарташ, хьаннаш. Гати-Юьртахой теша кийча бара, хьаъа хIуъу аьлча а. Цара догдохура Делан орцане, ткъа и орца, мичара дели ца хоуьйтуш, цо кхиийра царна.

      Шена дуьхьалваьллачу мунепакъах, Iосех, бекхам оьцуш, Ахьмат-Толлехь лаьтта цуьнан кIен paгI йагийра Ташу-Хьаьжас. ТIаккха кхин тIе а оьгIазваханчу Iосас, ГихтIа а вахана, цигарчу нахе орца элира. Амма орцанца йухавеана Iоса шен мостагI, Гати-Юьртара дIа а ваьлла, дуккха бартахошца Сесана-Коьртехь чIагIвеллачу кхечира.

      Цаьршинна йуккъера мостагIалла, де дийне мел дели чIагIлуш, марсадуьйлура. Де дийне мел дели, Iосин тоба лахлора, Ташу-Хьаьжиниг стамлора. Цхьа-ши шо хьовзале Ташу-Хьаьжа, шена тIаьхьа масех бIе мурд волуш, Нохчмахка ондда ког тесна дIахIоьттира, ткъа Iоса цхьалха висира. Бакъду, цаьршинна йуккъехь тIом бацара.

      ГIеза-Махьма вийра. Амма Ташу-Хьаьжас ца сацийра Нохчийчохь халкъан маршонехьа, бусалба динехьа къийсам. ХIинца цо аьрру куьйга Къуръан, аьтту куьйга тур лецира. Шен бартахошца цо луьра дуьхьало йора Нохчмахка гIертачу паччахьан эскаршна.

      ТIом болчу хенахь динарг хIуъу а мегаш ду. Ташу-Хьаьжина дагавеара шен шира мостагI Iоса. КхидIа а Гати-Юьртахь висар шена кхерамехь дуйла хиъна, Iоса доьзалца ведда Таьшкичу-гIопе вахара.

      Цигахь лаьттачу эскаран эпсаршца гергарло тасаделира Iосин. Цунна ницкъ оьшура ша винчу йуьртах ваьккхинчу мостагIчух бекхам эца. Цо сатийсина де тIекхочуш лаьттара. Iосин хьекъалечу коьртана гуш дара оьрсий тоьлург хилар. Дагестанера наггахь йурт бен йацара Шемална тешаме. Малхбале Нохчийчуьра цхьакIеззиг йарташ бен йацара, Ташу-Хьаьжина тIаьхьа а хIиттина, Шемална гIо дийраш. Оцу тIаьххьарчу шерашкахь Ташу-Хьаьжина дуьхьалбуьйлура Iоса тайпа халкъан бала боцу нах.

      Цхьана дийнахь Iосина хезира, Гати-Юьрта уллохь, Ахьмат-Толле олучу меттехь долчу шен кха тIехь Ташу-Хьаьжа гIап йугIуш ву аьлла. Иза цо хIуьттаренна до, бохура Iосин даго. ХIетахь паччахьан эскарехь урядник волчу цо, Внезапни-гIопе