Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
уллохь Наполеонна тIехь толам баккхаза висинчу инарла-адъютантан графан Воронцовн «Сухарийн экспедици» нохчийн хьаннашкахь, йийсаре бигна байнарш боцурш, дуьххьалдIа вийна 4 инарла а, 186 эпсар а, виъ эзар гергга салти а, обоз, йаккхий тоьпаш а йуьсуш, чекхйелира.

      Ткъа йерриг а отряд хIаллакьхиларх йа йийсаре нисйаларх кIелхьарйаьккхинарг Гати-Юьртара МуцIин Iоса вара. Воронцовс Фрейтагна тIехьажийначу пхеа стагах виъ нохчаша схьалаьцнера. Оцу меттигашкахь вина а, кхиъна а волчу Iосас, бага эрз лаьцна, Яьсса-хин бухахула охьа Гезлойн-гIопе а веана, цигара инарлина Фрейтагна тIе Воронцовн отрядах лаьцна хаам кхачийра.

      «Даргински экспедици» иэхье чекхйаьллехь а, императоро Николай I-чо графах Воронцовх, Сийлахьчу Элан дарже а воккхуш, цунна дукхайезачу Курински полкан шеф вира. Ткъа Iосин некха тIе мидал оьллира.

      3

      Паччахьан эскарш Яьсси а, Ямсу а хишца йолчу йарташна тIелеташ даим а царна хьалха хуьлура Iоса. Наха дуьйцура, и эскарш цо доьхий даладо бохуш. Иштта-м дацара иза. Шен жимачу чинах Iехавелла лелара а, йа ша кхин а лакхаваларе сатийсара а хаац, йа шен халкъана йукъа а вирзина, ша машаре вехар ву бохучух догдиллина лелара а хаац, амма Iосас къиза бекхам оьцура нохчийн йартех.

      Паччахьан эскаршца ша лома вогIуш, деккъа цхьа хIума дара цунна новкъа: даим а цунна дуьхьалвуьйлура цуьнан ши ваша а, пхи кIант а. Гуттар а цунна новкъа хирг, и кхоьрург шен жимахволу кIант Дакаш вара. Мел къизачу экханна а йеза шен кIорнеш. Ша мел къиза велахь а, Iосина дезара шен бераш. Къаьсттина дукхавезара цунна дуткъачу дегIара, шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ а, сийна ши бIаьрг а болуш, даим а самукъане, хьекъале, майра Дакаш. Ша лома масазза вогIу гора цунна иза, тур буйнахь сирачу динан кхеса тIе а теIаш, массарал хьалха тIамна йукъахехкалуш.

      Вежарий а, важа виъ кIант а валарх башха новкъадогIур дацара Iосина. Масане вежарий, кIентий байъина оцу тIамо, амма, хьомсарчу Дакашна хIума хиларна кхоьруш, дог детталора даим а.

      Цхьана дийнахь Iоса сапаргIат вогIура Нохчмахка. Иза дара Дакашан нускал гучудоккхуш ловзар хуьлу де. И де хьалххе билгал а дина, Внезапни-гIопара шеца гIалгIазкхийн отряд а йалош, Яьссиний, Ямсуний йуккъехула Аьккхийн дукъаца хьалавогIура Iоса. Мини-ТогIех а ваьлла, Бехачу Боьрахула дукъа тIе хьалаваьлча, цунна гира Гати-Юрт. Хезара ловзаран гIовгIа а, дуьйлу герзаш а. Цунна хаьара, цхьа сахьт далале и ловзар соцур дуйла а, цигара нах, цхьа иттех минотехь дойш тIе а хевшина, Яьссил сехьабевр буйла а.

      ГIалгIазкхийн отряд Аьккхийн дукъах хьалайолучу хенахь гуттар мIаькделира ловзар. Бакъду, кхузахь хIиттийна даарш-маларш дацара. Локхуш зурма а йацара. Ловзарш а, маларш а, томка а, хелхарш а Шемала дихкинера нахана. Сакъоьру зама йац xIapa. XIop a чIир кхобуш хила веза гIазотехь беллачийн, бохамаша хьерчочу Даймехкан. Хьарам кхайкхийнера мостагIчун гIиллакхаш, амалш, духарш, ловзарш, дерриг а. Амма муьлххачу балехь а шайн самукъанечу амалх ца буху нах, хилларш дитина, къоначу бIаьхочун ловзарга хьийзара. ХIораннан а йукъахдихкина герзаш, нуьйраш техкина, кийчча лаьтта дой. Сахьт дац