«Ас ца вовзийтахь, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. Оьрсийн мотт а суна дика хаьа. Хьо мила ву аьлла, сайга хаьттинчуьнга, Андри ву, эр ду ас», – шена маслаIат дира цо.
Кертара схьа жIаьла хьадарна кхоьруш, кетIара ринжа деллале шозза-кхузза йовхарш туьйхира цо. Амма мeттаxъхьовш хезаш хIума дацара. ХIетте а кертахь цхьанхьа жIаьла хирг хиларх тешаш, ларлуш, гонаха а хьоьжуш, тхов тIе латта тесначу кегийчу цIенойн уча а ваьлла, меллаша кор туьйхира Iелас. ЦIа чохь цхьаъ меттахъхьайра. ТIаккха неIаре догIуш берзинчу когийн тата а хезира. Дукха хан йалале, неI йиллина, тIекхоьллина чоа а, кога туьйдина неIармачаш а йолуш, уча велира хIусамда.
– Буьйса дика хуьлда хьан, хIусамда! – маршалла хаьттира Iелас оьрсийн маттахь.
ХIусамдас, халла оьрсийн дешнаш а лахьийна, жоп делира.
– Бехк ма биллалахь, буьйсанна хан йоцчу хенахь хьо гIатторна. Хан йоцчу хенахь кхаьчна cо a хIокху йуьрта. Арахь буьйса йаккха а шийла йу. Ахь пурба лахь, тховса хьан xIycaмexь буьйса йоккхур йара ас, – бехкала вахара Iела, цунна оьрсийн мотт гуттар а ледара хаарх кхетта, ша эриг ма хуьллу къостуьйтуш ала гIерташ.
– Хьаша хIусаме витар а, буьйса йаккхийтар а xIycaмдайшка хоьттуш ца хуьлу. Чу а волий, хьайн хIусамехь санна, пapгIатвала, – аьлла, неI йиллина, куьг хьалха тесира хIусамдас.
Цо куьг хьалха дIатосуш, беллабеллачу чоин тIома йуккъехула Iелин бIаьрг кхийтира цуьнан хечин борчах йоллучу тапчех.
Iела цIа чу велира. TIеxь шиша а доцуш, чуоьзна гIийла богучу чиркхо халла серло лучу хIокху цIа чохь поппаран маьнги тIехь набкхетта Iуьллура диъ бер. ХIетта гIеттина хIусамнана, набаро дохийнчу шен дегIан меженаш а сеттош, шуьйрра бага гIатторца наб дIа а къахкийна, новкъара хIуманаш дIасалиста йолайелира.
Дукха хан йара Iелина xIycaмexь иштта доьзал ганза. Маьрша дийшина Iохкучу оцу берашна тIе а вахана, уьш сама а даьхна, хьаста хьаьгнера иза. ХIокху йовхачу хIусамо а, нохчийн кхерчан цхьа шатайпа дагна там бечу, кийра бузочу хьожано а, набарш кхетта Iохкучу оцу кегийчу бераша а, дукха хан йоццуш шен кхайкхамашца цо йехна Iожалла йицйина, цуьнан даг чохь дахаре безам а, лаам а кхоьллира.
– Же, ма Iелахь, зуда! – зудчунна тIевирзира xIycaмда. – Вайн хIусаме воьссинарг хийра хьаша ву. Кхечу къомах стаг. Оьрси. Уггар хьалха йуучунна там белахь цунна. Ткъа хьо, хьаша, хьайна тIepa кетар а, когара мачаш а дIа а йахий, паргIатвала, – аьлла, тIетуьйхира цо,