Дахаран туьха. Роман. Акаев ИсмаIал. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Акаев ИсмаIал
Издательство: Издательские решения
Серия:
Жанр произведения: Современная русская литература
Год издания: 0
isbn: 9785005565730
Скачать книгу
керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна йукъара маларах кхетта верг чу ца валийта. Цигара чоьхьаволийла лардеш чоьхьарчу эскарийн сержанташ бара. Кхузахь дара и тIеман а, машаран а дуьненнна йукъахь долу доза.

      Шатайпа йара хIара гуьйренан Iуьйре. Арахь шийла йацахь а, амма хIете а хIаваэхь мелла а хаалуш дара борз санна тIегIертачу Iаьнан садеIар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу могIарехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн кIентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра гIайгIа гуш йара нанойн гIийла хьежарехь. ХIоранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар – сан кIант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне гIовгIа эккхийтина лаьттара. Маржа-йаI къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссайала а хала. Аьхкенан догIа санна йоца хуьлу хьан гIайгIа, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца богIу. Хьуна хIара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца Iаш, кIохцалшца а кхийлина буй. Ткъа и кIохцалш цу некъахь дукхох ма ду зезагел а.

      ТIекхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу йухатиттина а мIаьрго. ХIоранна а лаьара дIасакъастале шен вешига а, кIанте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза йала хьаьхначу Афганистанехь йаьлла и сийна цIе, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора кIенташка ала дешнаш. ИбрахIимана уллора дIа ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал хIуьттура ИбрахIимана ша хIоразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь. Иза йист ца хуьлуш лаьттара кIентан бIаьра а хьожуш. Ши дош-м ца делира цуьнан багара. Амма ИбрахIимана хаьара муьлхачу лазамца керчара цуьнан кийрахь дог. ГIиллакхах ца йоха, ша дахарехь сел кIезиг хьистина волу кIант, цо доIанехь набарна тевжаш хьоьстур вуй.

      Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дегIаца ша лайна Iазап, йуха деган Iазапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла йеш, иза Деле доьхуш. Ненан бIаьргийн йоза деша ма дика хаьара кIантана. Цунна хаьара нана шен дог ца Iовжо, бIаьрхийн и боккха хIорд лазамца кийрахь къуьйлуш лаьттий.

      ГIайгIанца ИбрахIиме хьоьжуш лаьттина Хеда, цIеххьана дIахьаьжира. Цунна йевзира шайн йуьртхочун Ахьмадан йоI Хьава. Кхиъна йаьлла, хаза товш нохчийн аматехь йоI йара Хьава. Хедас къайлах сатуьйсура иза ИбрахIимана йало. Хьава тахана кхуза йеанера эскаре шен ваша новкъаваккха.

      Хеда шега схьаьоьжуш а гина, эхь хетта Хьава, кхераделла хьоза санна дIаиккхира. Иза тергал йеш лаьттачу Хедас, йела а къежаш, ИбрахIиме элира:

      – Гирий хьуна мел хаза йоI йара хьайга хьоьжуш?

      Шена иза гар а, цу хьокъехь шена хетта эхь а лачкъа ца делла ИбрахIим дIавирзира, ткъа Хедас-м йуха а шенаг дуьйцура:

      – Дер йу Хьава наха дика цIе йоккхучу тайпанера а, доьзалера а.

      КIантана нускал хоржуш, нохчаша къаьсттина чIогIа тидам тIехьажабо иза муьлхачу тайпанера йу. Иза коьрта лехам