Оццул хьекъал а, хазалла а шеца доллушшехь, тIеман накъосташна йукъахь капитанан доттагIий кIезиг бара. Ткъа бу бохуш лелаш берш а, дукха хьолахь шайна пайда лоьхуш бара. Литвиновс дукха ойла ца йора цу гIуллакхан, хIунда аьлча цунна ша хIинцале инарлин даржехь гора. Буьззинчу барамехь ирс хилийта оьшург Тарасова Ольга санна хаза нускал дара.
Доьзалехь цхьаъ бен а йоцуш, Ольга ша дуьненчу йаьллачу дийнахь дуьйна де-ненан безамах а, йовхонах а хьулйина йара. Цхьаъ бен йоцу йоI церан дахаран дерриге а маьIна дара. Дас-нанас шайн ницкъ кхочург дора йоI цхьаьна а хIумантIехь эшна ца хилийта. Ольгас чекхйаьккхира мукъамийн школа а, иштта хазахетарца теннисах а ловзура, нека дан а Iеминера. Школехь доьшуш хуьлу кхачамбацарш дас-нанас сиха къастадора репиторийн гIоьнца. Оцу дерригено а ишта а хьекъал долуш а йолчу йоьIана аьтто белира лаккхара кхиамашца школа чекх а йоккхуш, Хабаровски университетан экономически факультете деша хIотта. Башха чIогIа хаза йацахь а, амма тайначу аматехь, дегIаца товш йолу йоI божарийн бIаьрг тIе ца хIуттуш ца йуьссура.
Ткъа иза йистхиларца гуш хуьлура йоьIан самукъне амалца нийсса, кийрахь цIена дог дуйла а. Хууш ма-хиллара дукха тIех Iуьналла деш лелийна бер сов коча хуьлу, амма Ольга иштта йацара, цо мелхо а дас-нанас шена кховдийначу безаман хIу кийрахь даржош, кхиийра шегахь эсала амал а, адамащца йолу уьйр а.
Куралло вахийна Литвинов ма-варра ца вовззал Iовдал а йацара йоI, цундела цо гIиллакхехь йухатухура капитана шега кхийдо безам.
Капитан шен йоI йезаш вуй ца гуш ца диссира Ольги нанна а. Иза цу гIуллакхах йоккхайеш а йара. Нанна лаьара шен йоьIан кхане сирла хуьлийла, хIунда аьлча Литвинов гIеметтахIоьттина, массо а агIор аьтто болуш стаг вара. Кху даздаре а Ольга нанна хала ца хетийта йеанера. Кху цхьаьнакхетарах башха самукъадаьлла а йацара йоI ма-дарра аьлча. Цуьнан йерриге а ойла дIалецира даздаран цхьаьнакхетар долалуш шена гиначу цхьаьна сержанта. Цуьнан бIаьра хьожжушшехь кхийтира Ольга ишта кIант шена цкъа а гина воций. Ольгас тидаме лаьцнарг дара и кIант массарел а цхьа шатайпа къаьсташ хилар а, оццул хаза, зоьртала дегIехь ша воллушшехь хIумма а кур ца хилар а. Ларамза цIаьххьана дустира Ольгас Литвиновн а, шена дуьххьара гиначу сержантан а васташ, ткъа йоьIан ойланехь шина кIентан хиллачу къовсамехь толам сержанта баьккхира.
– Леккха хиларца а, дегIаца а цхьаьна вогIуш ву и шиъ – ойла йора йоьIа, амма кхи дIа-м башхалла ша стигланна а, латтана а йукъахь санна йара. Капитан хьаьрса месаш йолуш, сийна бIаьргаш долуш, хазаллех вуоха воллуш ву, амма цуьнан дерриге а амат басарш кхачийна дилланза диссина сурт санна ду, ткъа сержантан васт-м дийца дош карор доцуш, исбаьхьа ду. Цуьнан сирла амат нуьре до син-оьздангаллас а, кийрара дуьйна схьайогIучу цIеналлас а, ткъа бIаьргаш чохь кхерста доьналлин алу. Цуьнан дерриге а васт лерина диллина сурт санна ду. Ткъа кIант ша и ца гуш вац, амма хIете а мел лела хаьа цунна, мел оьзда