ХIетахь, и могIанаш дешча, дегнаш кIадделира «адамаллин» болчу Кавказски хьаькамийн.
– Шайн даймахкара дIабаха гIертачу ламанхошна мелла а дуьхьало йар тIех йоккха къизалла хета суна, – элира хIетахь наместникан декхарш кхочушдеш хиллачу эло Орбелианис. – Вайн эскарша халачу хьелашка берзийна хилча, мелхо а, Турце кхелхачарна новкъарло йан ца йеза графо Евдокимовс. Амма, и масех бIе эзар стаг хIордал дехьа муха вер ву, хаац-кх.
Карцовс атта тардира и гIуллакх.
– Кхалхаран гIуллакх вайн лаамна жоп луш хиларний, кхузара тIом цо тIаьххьара а, гуттаренна а чекхбоккхург хиларний, кхузахь колонизаци йан аьттонаш луш хиларний, – вахвелира иза, – вешан ницкъ ма-кхоччу, царна дIакхалха гIo дан деза вай. Кхелхарш дIабига догIучу туркойн кеманашна ламанхой бехачу массо бердашка хIитта бакъо йалар бакъахьа хета суна.
– Туркойн кеманаш кIезиг хир дуй-те сила долу адам кхалхо, Александр Петрович?
– Вайн тIеман а, махлелоран а кеманаш йукъаозор ду-кх. Цул сов, малхбузера пачхьалкхаш а йу ламанхой кхузара дIакхалха лууш. Цара гIоьнна шайн кеманаш дахкийта а мега.
– Иза а хила тарло, – резахилира Григорий Дмитриевич. – Царна вайначул а тIех лаьа ламанхой Турце кхалха.
Евдокимовн ирсана, гIуллакх тIехдика дIадоладелира, туркоша-м хьовха, англичанаша, французаша, итальянцаша, грекаша а кеманаш делира ламанхой хIордал дехьабаха. Белла а, дийна а – ах миллион ламанхой цигара дIабаха аьтто хилира Евдокимовн. Ткъа Михаил Тариэловичан ницкъ кхачац атталла ткъа эзар нохчо а кхузара дIаваккха!
Дуьнен чу волуш дуьйна а ирсе кхаж баьлла Николай Ивановичан! Фейерверкеран кIант, йуьхьанца – магIара салти, тIаккха – Койсубулин пристав. Халлий бен йаздан а, деша а ца хууш, бодане стаг. Амма, шен пхи пIелг санна, ламанхойн Iер-дахар а, гIиллакхаш, амалш а йевза. Шен майраллий, къизаллий, дукхахдерг – мекарлой а бахьана долуш, инарлин чине, графан титуле а кхечи.
ХIаъ, эрна дац паччахьо Евдокимовн гоьваккхар. Ламанхойн дуьхьало каг ца йелла, инарлаш кIелбисча, цо кхин а йоккхачу къизаллица карлайаьккхира массарна а йицйелла лаьтта мацахлера Ермоловн тIеман тактика. Алексей Петровича дагарца болх бира Нохчийчохь, ткъа Евдокимовс – цIарца. Системица тIелатарш деш, кIез-кIезиг хьалхатеIаш, амма ша тIенисвелла массо хIума – йарташ, даьхний, йалташ, хьаннаш, цанаш, докъарш – йагош, Нохчийчоь тIаьхьалойоллуш дIалецира цо.
Ермоловн «хьаннаш хьекха» боху кхайкхам «кIур биэ» бохучуьнца хийцира Евдокимовс.
– ТIом ма бе нохчашца, – хьоьхура