ЦхьакIеззиг ханна буьрса тийналла хIоьттира Нохчийчохь. Амма гена дIа ца йахара иза.
Имаматан тIаьххьарчу шерашкахь Шемала махкахваьккхинчу шайхо Кунта-Хьаьжас, имамат йоьжначул тIаьхьа Нохчийчу а вирзина, кхузахь динан керла вирд а кхоьллина, иза даржорехь а, чIагIдарехь а жигара болх болийра.
Сацам боцуш иттанаш шерашкахь бахбеллачу тIамо а, къизачу паччахьан инарлаша, адамаш дойъуш, йарташ йагош, талош, хIаллакьхуьлучу хьоле хIиттийнера ламанхой. Халкъ гIелделлера, кIадделлера. Цунна кIордийнера и чаккхе гуш йоцу тIом. Ткъа Шемала а, цуьнан имаматан лакхенаша а халкъ хаддаза гIазоте кхойкхура. ГIазотехь беллачарна йалсамани хир йу, бохура. Амма адамашна кху дуьненахь машар, маршо, синтем а оьшура.
Къинхетамечу Кунта-Хьаьжас адам машаре кхойкхура. Иза сацамболлуш дуьхьал вара муьлххачу а тIамна, муьлххачу а тайпана Iазапна, чIир йекхарна, доцца аьлча, адаман цIий Iанорна. Адамашка, шайн дегнаш цIанде, оьздангалла ларйе, гIиллакхе, къинхетаме хила, бохура цо. Вахош долчу маларша, томкано адамийн могашалла талхайо, адам оьздангаллех дохадо, уьш йукъара дIадахаре кхойкхура.
ТIамо, адамийн цIий Iеноро хIоттор бац лаьтта тIехь машар, адамашна йукъахь барт, нийсо а, дуьйцура цо нахе. Машар а, нийсо а, барт а Ша Дела цхьаъ воцчуьнга хIотталур йац дуьненахь, цундела, йерриг ойла Далла тIе а йерзайай, собаре хилла, паччахьна, цуьнан Iедална, хьаькамашна муьтIахь а хилла, совцаре кхойкхура иза.
– Халкъ тIаме кхойкхучу, шаьш имамаш, шайхаш бу бохучу нахе ла а доьгIуш, адамийн цIий ма Iенаделаш, – бохура Кунта-Хьаьжас. – Дерриг адамаш цхьана Дала кхоьллина, цхьа йиша-ваша ду. Оьрсийн паччахьна дуьхьал герз ма айъалаш, иза Делан лаамца лелаш ву шуна. Нагахь шайга жIар лелайе бахахь, дIалелайе. Эчиг ма ду иза. Килсе гIo олу-кх шуьга, дIачугIойша. ЦIа ма ду иза. Iедало шайга де боххург де, амма Дела даг чохь латтаве. Ша а, Шен пайхамар а аш даг чохь ларвичхьана, Цо и дерриг а гечдийр ду шуна. Нагахь керстанаш шайн зударий сийсазбан гIортахь, тIаккха айъа герз а, тIаккха Iанаде церан цIий а. ХIетталц садетта, собаре хила. ТIаккха Дела шуьгахьа хир ву, тIаккха Дала гечдийр ду аш Iанийна цIий.
Кунта-Хьаьжин хьехамаш буххенца дуьхьал бара Шемалан «гIазотан тIеман» идеологина. Шемалан зIенехь болчу динадайша кхечу динахь долчу адамашна дуьхьал тIаме кхойкхура, ткъа Кунта-Хьаьжас массо динехь, массо къомах долчу адамашна, хьолахошна, къехошна йукъахь машар, Iедална муьтIахьалла кхойкхура. Шемалан гуонехь болчу динадайша дуьне, хьал лоьхура, ткъа мискачу, къечу доьзалера схьаваьллачу Кунта-Хьаьжас дуьненан хьал-бахам