Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
дац вайга. Кхин некъ каро беза.

      – Нах иэцаррий?

      – Иза а бац тешаме. Церан ханаш а, элий а бац вайна бохкабала. Бохкалуш нах кIезиг карор бу нохчашлахь. Шен амал йолуш къам ма ду иза. КараIамозчу эмалканчул башха, дуьрста йезац цунна.

      – Церан элий а, ханаш а цахилар дикахо хета суна, – ойлане корта хьовзийра Лорис-Меликовс. – Ойла йел ахь, мел къиза бара дагестанхойн ханаш. Таркхойн шамхало хIун дора шен ахархошна? ГIожмаш йеттара, бIаьргаш бохура, тIуьначу зинданаш чохь бахкабора. Кюрин Аслан-хана цхьа бехкбаьлла шенаш цIийдинчу эчигца морцура, лергаш дохура, баьшначу кортошна тIе кхехка даьтта дуттура. Шайн ахархойн зудабераш нохчашна говрех бухкура. Церан и акха гIиллакхаш буххенца, гуттаренна а дIадаьхна Россин культуро.

      Кундухов цавашаре велавелира.

      – Бехк ма биллалахь, хьан локхалла, Россехь ахархой Iаьржачу боданехь латтош хилар дицдо ахь. Вайша цхьа кавказхо хиларна, хьох къайле йац сан. Ермоловс Дагестанера ахархой «маьршабохуш», оьрсийн муьжгий бIозза халачу, къизчу хьолехь бара. Арслан-хана шен ахархойн йоIарий говрех бухкура, ткъа оьрсийн помещико шенаш иэрех хуьйцура. Массо газет къарздой хуьлура крепостной ахархой бохка-иэцарх йолчу рекламаша. Мичахь йара и акхаралла? Цивилизацин Россехь! Цигахь а иза хилча, ткъа Дагестанерчу ах-акха элашний, ханашний бехкбилла гIертар суна-м беламе ма хета, Михаил Тариэлович.

      Кундуховн дуьхьало йоцуш хецаваларо цецваьккхинчу Лорис-Меликовс акъваьлла ладоьгIура цуьнга.

      «Дерриг а схьа ца олу ахь, амма вуьшта гуш ду-кх хьан дагахьдерг, – леррина хьаьжира цуьнга командующи. – Лаа дац, «мел йузайарх, борз варша хьоьжу» боху оьрсийн кица».

      – ХIета, хьо реза вац-кх кхузахь вайн правительствос дIахьочу политикина йа, вуьшта аьлча, цуьнан императоран воккхаллин лаамна? – хаьттира цо, шен ирачу хьажарца Кундуховн бIаьра а вогIавелла.

      Кундуховс бIаьрнегIар а ца туьйхира.

      – Айса государь-императорна тешаме хила биъна дуй, йоIбIаьрг санна, ларбо ас, Михаил Тариэлович. Лар а бийр бу. Амма суна оцу лакхарчара тхаьш адамаш лорийла а лаьа. Оха мел доггах гIуллакхдарх, тхо мел хьекъале делахь а, оцу вельможашна гергахь сой, со саннаршший шайн вежарийн цIий Iено «караIамийна акхарой» ду. ХIаъа-ткъа, ахчанах а, чинех а дохкалуш, иэцалуш долу.

      Меллаша тIе а вахана, Кундуховн белшах дайн куьг туьйхира Лорис-Меликовс.

      – Сан хьомсара Муса Алхазович, тIех цIий сиха стаг ву хьо. Барт бийр бу вайша: суна хIумма а ца хезна. Амма иштта дешнаш кхечуьнга олучух ларлолахь. Кхин а дика хир ду, и зуламе ойланаш ахь коьртера дIайаьхча. Сан даггара хьехар ду хьуна иза. Ткъа оцу хьокъехь суна хетарг хаа лаахь, со буххенца реза вац хьоьца. Цхьацца кIезигчу нехан зуламечу, къизачу йа сонтачу гIуллакхашца дуьстина, хадо ца беза халкъан, мехкан мах. Росси цивилизацин мохк бу. Лаахь а, ца лаахь а, xIapa ламанхой адамаллин историна дукхе-дукха гена тIаьхьабисина. Ах-акхачу гIиллакхашца, амалшца беха хIорш оцу боданера маьлхан серлонга баха хьурмате кхаж Россин баларх воккхаве