Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
дIа а ваьлла, Дагестанан лаьмнашка воьллачу шолгIачу дийнахь, цIиййина котам санна, хьо тилийна цара. Уггар хьалха, хьан воцуш ца торучу Кибит-Махьмас а! Шех чим хиллачул тIаьхьа бен, тхан цхьа а йурт кIел ца сецна гаурашна. Оха цхьа буй латта а дIа ца делла иза мостагIийн цIийца хьандаза! Ткъа кхузахь дечуьнга хьажал? Массо а йурт, цхьа топ ца кхуссуш, зурманаш лоькхуш, цIогарчий лестош, меттанаш даьхна, хьесталуш, гаурашна хьалхахIуьтту!

      …Шемалан йуьхь кхоьлира. Йуха а карладелира шен дахаран уггар хала масех де. Ахульгохь иэшна иза ведда Нохчийчу вогIу денош. Уггар цунна тешаме ву боху ворхI мурд вара цуьнца: Юнус, Салихь, Мохьуммад, Нур-Iела, ХиматIил, МуртIади, Муса…

      ТIамца гонна йукъара бовлуш чов хиллера Шемална. Салихьан гихь валочу ворхI шо долчу ГIеза-Махьмин настарх салтичун цамза кхеттера. Цхьана лекхачу, готтачу чIожа тIехула, дукъо а тесна, дехьабовла дезаш нисделира. Охьа чухьаьжча, халла къаьстара бухахь гIергIа ГIойси. ТIай дацара, амма, мухха девлла а, дехьадовла дезара. Ца довлахь, Iожалла йара кийчча. Шемал кхоьрура кIант гихь дукъо тIехула дехьавала. Цо шен мурдашка дийхира, цхьамма кIант дехьаваккхахьара аьлла. Амма уьш цхьа а вист ца хилира. Шен чевнна са а детташ, кIант гихь дехьавелира иза…

      ТIаккха, шайна тIаьхьатоллуш богIучу Хьаьжа-Мурдан ал Хунзахин, Ахьмат-Ханан ал Сахалин бIаьнах бевдда, лаьмнашкахула малхбузехьа гIерта хIорш мацалло а, хьогалло а бIарзбира. Йарташка баха а ца баьхьара. Схьа а лецна, Iедале дIабаларна кхоьруш. Лаьмнашкахь шаьш тIенисделлачу шина жаIуьнера дуккха а мах белла хи ийцира цара. Кхаа тобане бекъабелла боьлхура мухIажарш. Жима ГIеза-Махьма хьалхарчу тобанца воьдучу Салихьан гихь вара. ТIаьхь-тIаьхьарчара, кIез-кIезиг хи а молуш, баттам хьалха дIалора. Кхано садаIа севцча, шен кIант гIийло гича, Шемална хиира, мурдаша, оцу жимачу кIанте цхьа къурд а ца бойтуш, дерриг хи шаьш дIа а мелла, йассийна баттам бердах чукхоьссина хилар…

      Дагестанан имамаллин оцу кхаа-деа шарахь цигахь шена йина йамартлонаш, тешнабехкаш ца бицлуш, тIаьхьа цхьа хан йаьхьира Шемала. Ша нохчаша имам кхайкхийча, Нохчийчу веана, массо дагестанхойн Iеламча виэ, хьаьжкIаш иэца баьхкинчаьргара говраш, варраш схьайаха аьлла, омра а дира. Амма дог ца Iийра ца кIадлуш а, шечаьргахьа ца узуш а. ХIинца деш дерг а…

      …Шемал бехкбоккхуш хьаьжира чохь болчу шен махкахошка. Цуьнан бIаьрг тIехIоьттинчу xIop а Iеламчин а, наибан а кортош охьадахара. Чергазийн ИбрахIим, гIебартойн Хьаьжа-Нурулла, нохчийн Iусман а вара имаме майрра хьоьжург.

      Шемала бIаьргаш тIекъевлира. ТIаккха Iаьрбийн маттахь меллашчу мукъамца гIийлла байт элира:

      Сайн дегIан гIагI хетта

      Со тешна вежарий,

      Де доьхна висинчохь,

      МостагIий хилира.

      Со ларван кечдина

      Уьш пхерчий хеттера,

      Амма уьш сан даг тIе

      Хьовсийна хиллера…

      – Хьо бакъ ву, майра Бир Коьз, – маслаIатна йукъавуьйлира ГIеза-Махьма. – ГIалаташ, цатемаш дага ца лоьцур вай тахана. Кханалерчу дийнахь Дала къастор харц а, бакъ а. Имам, кийча ду тхо хьан омране ладогIа.

      Собар доцуш, сиха стаг