– Човхайе, Мохьмад!
– ГIел ма ло, Iабди!
– BIoйт! ВIийт!
Лечин хьалхара ши ког дозанах дехьатилча, тIехьа хьаьжира Мохьмад.
Цунний, Iабдиний йуккъexь кхо гIулч йара.
Ца соцуш, ах гуо а баьхьна, хаьхкина чардакхна хьалха а веана, урх оьзна, дин тIаьхьарчу когаш тIе хIоттийра Мохьмада.
ГIадбаханчу наха тоьхначу маьхьарша Іадийра майда.
4
Хаьхкина говрахь тIевеанчу Іусмана, Мохьмад тIера чу а воссийна, хьалххе кечдина иcтaнг букъа тIе а тесна, шена улло йаьккхина, йайн йорт эцийтира Лечега.
– Гopа, борз, йаI! Цхьана йуккъexь воха ца воьхнера хьо? – хаьттира Болата Мохьмаде.
– Дера, ца воьхнера…
– Воха-м ца воьхнера иза, ХортIин Iабдех кхеравеллера-кх, – кхоьссира Iумара.
Мохьмад гома хьаьжира шиче:
– ДІайаккхахьа и хIуора!
– Бере-м вуон вац, – кIантехьа гIо даьккхира Iаьлбага. – Цхьа гуо а гал ца велира. Дика кIант ву.
ХІокхара къамелаш дешшехь, Акхболатан Ахьмада говрашца хьуьнарш кхайкхийра.
– Хьалха кхаа урах дехьа а, кхаа гIуркхана тIехула а эккхийтина, йогучу цIарна йуккъехула a бaьккхина, берда йисттехь дин сацо беза беречо, – кхетабора цо къовсархой. – Царах цхьаннах чекхвалаза висинарг йуьстахволу. Нагахь масех бере берда йистте кхачалахь, царах уггар йисттехь дин сацийнарг тоьлларг лорур ву. Къовса кечбелларш дIо дозане дIагIо. ЦIe марсайаьллачу хенахь тапча кхуссур йу ас. Шун пурбанца, сой, Акхтий берда йисте воьду.
Оцу уггар чолхечу, кхерамечу къовсaрeхь дакъалаца лууш иттех стaг бен ца велира.
– Вай хьалхадовлу йа тIаьхьасовцу? – xaьттира Iаьлбага Къайсаре.
– Ахь хIун олу, Болат?
– Нахе а хьаьвсина, тIаьхьа йукъадевлча?
– И де аш, – къoбaлдира царах уггар воккхачо – Iaьлбаган вашас Iала-Мохьмада. – Сиха дахана хи хІордах кхетта дац, боху. ХьалхагIертар дика дац. Нехан гIалат а гур, цунах Iалашдалар а хир.
Хьалхайовла говраш хохкуш санна, хIинца маьхьарий ца деттара наха. Шаьш чIогIо дистхилча а, говр галъйаларна кхоьрура. Амма йукъайаьхначу говpex шиъ бен берда йисте цa йeара. Шиъ – оьрнех тIеxлелхаш, цхьаъ – гIуркхашна тIехула оьккхуш, йуьйхира. Йалххе говр цIерах дехьаиккхира, амма шиъ бен ца йелира йуккъехула.
– Бенарчу Солтмурдан говр бердан йистана кхо аьрша генахь сецна! – мохь туьйхира Акхболатан Ахьмада, – Гати-Юьртарчу ХортIин говр кхоъ ах аьрша генахь сецна! Кхин вуй къовса лууш?
Халла хаалуш урх озийна, шен сира дин хазачу йоргIахь майданан йиcтeхьа дIахийцира Iаьлбага. Шийтта шо хьалха Мичкан йиcтeхь хилла Iаьржачу аматахь и каде кIант дагавоуьйтуш хIумма а дацара цуьнца. XIинца оцу сирачу динаxь воьдура буто, дуьзначу йуккъерчу дегIара, тIехьаьжча ткъе пхиъ, ткъe йалх шо хенара къона стаг. Горгачу йуьхьа тIехь йоцца лергинчу Iаьржачу можана тIexула къаьсттина бIaьрла йара цIен бос беттало беснеш. Лекхачу хьаьжа тIе таIIош тиллинчу боьмашчу холхазан куйнна кIелхьара жугIара шен ши бIaьрг вевзачун йуьхьа тIехь сецча, хазахетий, корта а таIабой,