Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
а мехкан чоьхьара гIиттамаш хьеша йахийта. ХIетахь ца нисделира иза. Стохка Балканехь дуладелла хьал хIоьттича, кхузарчу къаьмнех иррегулярни эскарш вовшахтоха сацам хилира правительствон. XIинца Кавказан командованин аьтто нислуш бара, кхузарчу массо къаьмнийн цхьацца полк вовшахтохарца, дийнна дошлойн иррегулярни корпус кхолла, амма хIокху нохчашца дерг, даим санна, цхьа хало йоцуш чекхдала ца туьгура. И полк вовшахтухуш а дикка къахьега дийзира областан администрацин. ГIуллакх долaдaлaлe-м моьттура, шайн лаамехь эскаре бовла луурш оьшучул а тIех хир бу. Милице ма-xІyьттура уьш атта. Церан болх башха хала ма бацара. Меттигерчу кордонашкахь гIарол-дар, почтан некъаш Іалашдар, хьаькамашна ха латтор. Шайн йуьртана, доьзална гена а ца бовлуш. Суьйранна доьзалшна тIе цIа боьрзийла а хуьлуш. Шайна ло беттaн йаллий, говрана хIоъ эца ло ахчий доьзале а хьовзош. Нохчийн къоьлле хьаьжча, доккха хьал мa дaрa и нахарташ. Цундела милице доггах боьлхура уьш. Шайн говрашца, герзаца. Цу гIуллакхна тарлора тIехаа биъ ког болуш цхьа Iаспар хилчахьана.

      ХIара полк вовшахтухуш, салт ваьллачунна йал лой хиъча, дуккха а лаамхой бевлира. Масех полк вовшахтоххал. Берриг боxург санна – къехой. ЦIaxь пaтaрмa буззал йалта, атталла газа а йоцурш. Шайн эттIа чоэш тIе а кхоьхкина, неIармачаш а туьйдина. Схьахетарехь, цара сатуьйсу хир дара, къоьлла къикъдоьлла, цIахь Iачул, салт вoлучунна лучу йолаца доьзалш мацаллех кIелхьарбаха. Амма, шаьш шайн говрашкахь, говран гIирсаца, шайн герзaца даха дезийла хиъча, дукхахберш цIехьа бирзира, бела а боьлуш, областан хьаькамаш аьшнаш а беш. Говррий, говран гIирссий, герззий эца ницкъ хьенан бу? Оццул хьал хилча, эскаре воьду хьера цаваьлларг! Доьзалх а, йуьртах а, махках а ваьлла!

      Амма, хьаннах тоьхна а, и полк вовшахтоха йезара. Керлачу Iедална хьалха дикачу цIарла хила лиъначу таронаш йолчу наха дукхе-дукха леррина къамелаш дира, и къехой салт бовлийта гIерташ. Дойх, герзах Iоттаделла гIуллакх сецча, шаьш уьш хуьлуьйтур йу а элира. Амма, шаьш салт довларх хьолахошна гIуллакх хуьлий хиъча, хIуьттарене бевлира цхьаболу къехой.

      Ткъа Iедало-м шeниг ма дуьйцура. Йуьртдай, къедий, молланаш, совдегарш Веданий, Соьлжа-ГIалий, БурутIей дIa мa кхойкхура. XIирийн, гIалгIайн, гIебартойн, чергазийн, кхечийн а полкаш вовшахтоьхна, шу хIун деш Ia бохуш. Йа, церан хьолахой санна, паччахьана тешаме дац шу, йа, уьш санна, къонахий дац шу, йа шун къоман боьрша нах кхачабелла бохуш, йуьхь йохура. Йуьхьанца хаза дийцира, тIаккха бехкашдехира, тIаьххьара а чехийра.

      Эххар а вовшаxкхийтира полк.

      Гати-Юьртахь а кечвелира масех жима стаг.

      Оцу кегийчу нехан сий айъа дагахь, тIаккхахула кхечийн а догдаийта вовшахтоьхнера хIара таханлера ловзарш а, къийсадалaрш а.

      Оцу Iалашонца округан йарташкахула волавелла вара эла Авалов а.

      2

      Хьаькамаш чардакх тIе бевлча, сацийра пелхьонна лоькху зурма а, йеттa вoтa a. Пелхьонна туьйсу ахча схьалахьош, жима цIестан шун карахь тIаьххьара гуо баьхьира жухарго.

      Чардакхна гергахьо хIиттина Болат, Къайсар а синтем байна хьуьйсура дехьа регIан басахула