– XIун хилла?
– Муьша тIе!
Кара лаьцна буткъа гIуркх болуш, шалго йуккъе хIоьттина лаьттара шийтта-кхойтта шо хенара йоI.
XIун дара а хаац, и жима йоI гича, схьаэккха санна, тохaдeлиpa Moxьмадан дог. Балдаш делладеллачохь севццера, бIaьргаш йоIана тIебогIабеллачуьра дIабовла ца туьгура. КIанта шен дагахь хьоьстура хIетта йахйала йоьлла цуьнан Iаьржачу месийн йуькъа ши чIаба а, бIaьстeнaн цIеначу хIoнeхь йогу ховха беснеш a, Iaьржачу бIaьргашна тIехула хьаргIанан тIамарш даржийна, айаделла цІоцкъамаш а.
ЙоьIан хьуьнарех цецбуьйлуш, дайн маьхьарий а, лохха шакарш а йеттара, даккхий синош дoхура уллохь лаьттачу баккхийчара. Амма Мохьмадна ца гора йоIа муьша тIехь лелориг. Иза оцу жимачу йоьIан йийcapexь вара.
Майданан цхьана маьIIexь лохха йевлла гIовгIанаш, хин тулгIе санна, йаьржира сила долчу адамашна йуккъехула.
– БогIуш бу! БогIуш бу!
Массеран бIaьргаш дIахьаьвсира йуьртара схьа варша йуккъехула кху майдана богIучу новкъа. Цигахула гучуйелира дошлойн жима ковра.
– Муьлха ву царах эла Авалу?
– И дIо расха говpара тIапа куй берг.
– Цунна уллорниг?
– Ойшин Чомакх!
– Хьа, даьдиса оцу берзан!
– Iедалций, наxаций тарвала гIерта.
– Ледара вац Чомакх.
– Хуур ду-кх, цхьаъ тIедеача.
– Цунна тIаьхьа вогIу жима стаг?
– Бенoйн Элби.
– Ткъа важа кIайн маж йерг?
– Иза нажийуьртахойн йуьртда Шахьболат ву-кх.
– Момин Хьоту мa вусавелла!
– Ма цхьаьна а кхетта!
– CaгIадоьхурган ахьарш санна!
Хьеший лоруш, дIасахиллачу адамаша хьовсa aьтто боллучуьра меттиг битира царна.
Цхьана минотана йаьлла гIовгIа дIатийра. Адамийн хьажар йуха а тIедирзира муьша тIехь ловзучу жимачу йоIана.
* * *
Россин импери чохь дехачу къаьмнаш тIехь шен колониальни Iедал а, политика а хIор а къоман амалшкий, гIиллакхашкий, цуьнгара шена кхерамаллей, кхерамазаллей хьаьжжина леладо паччахьан правительствос.
ХIокху Кавказан Iедалан коьрте шен ницкъ кхочуш кавказхо а, ткъа меттигерчу къаьмнийн коьрте оцу къаьмнех стаг а ца вохуьйту цо.
Россия «къаьмнийн набахти» йара, хIор а халкъана шена-шена камера а йолуш. Амма царна чохь баллочу тутмакхашна тIехь латто тергам цхьатера бацара. Иза а бара тутмакхех даьллачу зуламе, цаьрга болчу тешаме хьаьжжина. Цхьайолу «камераш» тоьхна догIа а доцуш, ха деш стаг воцуш хуьлура, цхьаболчарна масех «камера» ларйан цхьа хехо хIоттавора, ткъа хIокху нохчийн халкъан камеран, масех догIа а тоьхна, масех гIуй, зайл а боьллина, диллина дIа латтош чIогIа, сема ха ду. Кху лаьмнашкахь дехачу къаьмнех барамехь уггар доккха а, шатайпа лакхара демократически йукъараллина дIахIоттам болуш, шена тIехь цхьаннен а олалла ца лайна, йа лан ойла а йоцуш маьрша даьхначу хIокху къармазечу нохчийн халкъо, Кавказ дIалоцуш йеха а, уггар луьра а, буьрса а дуьхьало йинера Россина. Цо и дуьхьало ца сацайо нийсса бIе шо ду. Къарделла саца ойла а йац. ХIара халкъ зуламхо-рецидивист ду. Шена тIехь шатайпа тергам, Iедал, таIзар латто дезаш. И декхарш