Лаьмнашкахь ткъес. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
йалале, майданахь тийналла хIоьттира.

      Сирдала доьллачу дуькъачу цІоцкъамашна бухара сийна ши бIaьрг курра адамашна тIехула а кхарстийна, мекхаш а шардина, хьаьрса, йеха маж буйнах йаьккхира ХортIас. ХIара кхойтталгIа шо дара иза Гати-Юьртахь йуьртда волу. Хьалха хилла йуьртда Iоса дIаваьлчхьана. ХортIа воьллера хIокху гуламех а, хьаькамех а.

      ХортIас йайн йовхарш туьйхира.

      – Тахана деза де ду вайн йуьртахь. ХІокху дийнах дозалла дийр ду вайн тIаьхьарчу тIаьхьенаша а. Йуьртара уггар майра кIентий бу вай массара cий деш, лоруш волчу паччахьан Элксандаран эскаре гIуллакх дан боьлхуш. Вешан паччахьан, цуьнан сардал волчу Типлисерчу… а-а-а-а…

      – Михаилан… – ХортIина гIо дира уллохь лаьттачу Чомакха…

      – Микаилан, БуритIерчу инарлин, вайн укурган начальникан элан Авалун сийнна, эскаре боьлхучу вайн кIентийн хьурматана тахана хIара ловзар хIоттийна йуьрто. Вайн хьешийн а, Делан а пурбанца, къовсарш дIадоладо вай. Коьрта къовсарш кху тIехь хир ду. Хьалхайовла говраш хахкар. Исс гуо. Хьалха йеанчу говрана – детица кхелина нуьйр. ШолгIа йеанчунна – кечйина шед. Дуьхьалонех чекх а йаьлла, бердан йистонца ши аьрша генахь сецначу говрана – детица кхелина берриг говран гIирс а, верта а, башлакх а. Говра тIехь хьуьнар гайтинчу беречунна – атлазан гIовтал. Герзаца хьуьнар гайтинчунна – цо хьуьнар гайттина герз. Кхиэл йан мила хоржу аш?

      – Тевзбин Акхта!

      – Эла Авалу!

      – Акхболатан Ахьмад!

      ХортIас ши куьг хьалалeцира.

      – Дика ду. Аш цIераш йаьхначу кхаа стага къастор ву тоьллapг. XIинца, нах, аш майда мукъайаккха. Хахка кечйина говраш дозане дIайига!

      Йохийначу зингатийн туьйлигах тарйелира майда масех минотехь. Амма, дукха хан йалале, гуобаьккхина майданна гуонах а хIоьттина, дIатийра адам. Ши ваша а валош схьакхечира Iаьлбагна дуьхьалвахана Къайсар. Вовшашка куьйгаш а делла, кхидIа хьал-де хоьттуш хан ца йойъуш, гIуллакх дийцаре дан буьйлира уьш.

      – ХIан, хIун до вай? – xaьттира Іaьлбага шен доттагІчуьнга Къайсаре.

      – Уггар халаниг хьуний, хьан Сираний тIехь ду.

      – Муьлха? ЦIeргахула а иккхина, берда йисттехь сацаррий?

      – ХIаъ. Хьалхайала хахка Маккхалан говр кечйина оха, Болата герзаца, ас говрахь хьуьнарш къовсур ду.

      – Дика ду. ДІадуьло, хӀета.

      3

      Чардакха тIе бIaьргаш боьгIна, массо меже йуьйлина, кийчча лаьттачу Мохьмада, Акхтин карара тапча ма-йеллинeхь, урх йуха а оьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, шен хьаргIа Леча, кхоссайолуьйтуш, шед тоьхна, хьалха дIахийцира. Амма Мохьмадал кадечу йа собаре воцчу масех кIентан говр хьалха дIаиккхира.

      Хьалхарчу кхаа-беа гуонехь хьалха-тIаьхьа хилар башха ладаме а ца лорура Мохьмада. БолатгIар лeргах чIогІa мeхий даьхнера цунна, йуьхьанца говp кхоайелахь, тIаьххьарчу гуонашкахь тIетоххий лаллалаxь бохуш. Амма ца дезалора цунна шена хьалха виъ бере хилар. Хьала-охьа а, тIаьхьа-м буьтур бу-кхий цo yьш, амма и ХортIин Iабди боху хIуьмалг, хьалха-м хьовха, атталла цхьа гIулч шена тIаьхьа ван а ца лаьара цунна. Гома ма ву и шиъ вовшашца. Летча-м, цуьнан муцІар