Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров. Читать онлайн. Newlib. NEWLIB.NET

Автор: Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство: Автор
Серия:
Жанр произведения:
Год издания: 2023
isbn:
Скачать книгу
пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан, цхьанаметтехь диначу къизчу тохарца нохчий къарбарца кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха дезаш хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIелсовца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инарлаший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Ламанхошна а, оьрсашна а йуккъехь машар кхайкхочу меттана, царна йукъа питанаш, дIовш туьйсуш, мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гира оцу гIалатан, къизачу политикин хинйолу тIаьхьало. Амма тIаьхьа гира. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарлин Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара. Цамзанаш йуьстаха а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелашца а дустуш, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш а йохкуш, хIокхарна йукъа лакхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма правительствос ла ца дуьйгIира оцу хьекъалечу хьехамашка. Мелхо а, тIеттIа тIе алсамйохура къизаллаш. Оцу къизаллаша кхоьллира МансургIар, БийболатгIар, ШемалгIар.

      Лорис-Меликовс собаре ладуьйгIира Кундуховн дахделлачу къамеле.

      – Иштта-м дара иза, сан хьомсара Муса Алхазович, – элира цо кIадвелла. – ДIадахнарг йухадерзалур дац. Сийлахь-воккха поэт Грибоедов а, инарлаш Раевский, Алексей Дмитриевич Милютин а, цхьана aгIop, къобалбо ас. Амма цара хьоьху некъ, беха а, хала а хилла ца Iаш, оцу заманахь тешам боцуш а бара. Кавказ дIакхалла гIерташ Турци а, Перси а хилла ма ца Iара, малхбузехьара пачхьалкхаш а йара. Уггар хьалха – Англи а, Франци а. Вайн йиш йацара хьоле, стратегин доккхачу маьIне xIapa край вешан мостагIийн карайахийта. Тахана а йу малхбузехьара пачхьалкхаш изза политика дIакхоьхьуш. Вай цхьанне а дIалур йац xIapa край. Вай лелориг Россин а, хIокху ламанхойн а йукъара гIуллакх хилар гойтур ду историно. Дерриг а Iаламан законашца дIадоьду. Уьш хийцалур дац вайга, сан хьомсарниг.

      Кундуховс, корта а хьовзийна, доккха садаьккхира.

      – Вайша вовшех кхетац, Михаил Тариэлович, – элира цо. – Церан Iер-дахар, гIиллакхаш, амалш, йукъараллин дIахIоттам тидаме а оьцуш, меллаша, кIез-кIезиг российски Iедал кхуза хIоттийнехьара, хIокху ламанхоша Россина дуьхьал цхьа топ а кхуссург цахиларх тешна ву со. Амма вайн правительствос иза ца дира. Цкъа диначу цхьана тохарца дерриг чекхдаккха лиира цунна. ЖамI муха ду? Маситта шарахь, вовшийн хIаллакбеш, тIом, халкъашна йукъахь цабезам, цатешам, мостагIалла а. Нохчийн уггар дикачуьра ах мохк дIабаьккхина. Йеккъа цхьана Соьлжан отделехь биъ бIе эзар десятин гергга цаьргара дIабаьккхина мохк гIалгIазкхашна дIабелла. Доцца аьлча, хIокху тIаьххьарчу шовзткъе итт шарахь церан махка тIе ткъа сов станица а, оццул тIеман чIагIонаш а йехкина правительствос. Кубанан областера, берриг