– Суна ма йелхалахь! Со йухавоьрзур ву…
– Со-и-ийп… Хьан да а ма вайна доьза… Сийначу Сибрехь… – тIаьхьахьаьдда зуда, гIорзанах ког а тасабелла, берталкхийтира.
Некъахочо, тIе а вахана, хьалагIаттийра йоккха стаг.
Ши салти а, тутмакх а, урамо голатухучохь дIа а хьаьвзина, къайлавелира.
ХIетталц ладоьгIуш, йуьстах лаьттина воккха стаг, тIе а вахана, зудчунна маслаIат дан вуьйлира:
– Баккъал а, ма кхардабехьа xIapa Делан мостагIий. Хьо йелхарх, къахета стаг ма вац царна йукъахь. Уггар хьалха и дIогахь лаьтта ши нохчо а. ЦIа ваийта а ма мега. Суд йахь а, цхьа-ши шо хан тухур йу. Иза хIинцца дIаер йу. ЦIа вогIур ву. Къона ву, могаш ву.
Зуда, кIез-кIезиг йогIуш, маслаIате йеара. БIаьргех корталин тIемаг а хьаькхна, доккха садаьккхира цо:
– Иза-м вогIур ву… Со йехар йуй, хаац-кх, хIетталц… Да а ма лаьцна цуьнан, иза дуьнен чу а валале… Цуьнан бIаьра а хьоьжуш ма даьккхина ас xIapa тIаьххьара ткъе йалх шо… ХIинца йесачу хIусаме йерза йеза-кх со…
– Гергара нах буй кIентан?
– Гергара нах бу. Амма ден ваша а, шича а, маьхча а вац…
– Хьо мичара йу?
– Гати-Юьртара…
– ХIун дийр ду ткъа? Дика а, вон а Делера ду-кх. Цунна тIе болх биллина Iийр ду-кх вай. АлхьамдулиллахI, цо вониг дийр дац…
Зудчунна тIе ченан кIур а тухуш, уллохула тIехъиккхира хьаргIанан басахь, хье тIехь деха кIайн сет а, кIайн когаш а болуш йоккха говр йоьжна кIеда гIудалкх. Денщикана тIехьа, кIедачу миндарна тIехь воттавелла вара гIеметта хIоьттина подполковник. Ворта лацаелча санна, йаьIна кхин дIаса а ца хьовзош, нийсса хьалха дIа ши бIаьрг а боьгIна, тIехвелира иза.
ГIудалкхана тIаьхьа гIопан кевнехьа схьахьаьдда вогIy подпоручик шена улло нисвелча, сацийра некъахочо:
– Бехк ма биллалахь, поручик, мила вара оцу гIудалкха тIехь хIинцца чувахнарг?
Цецваьлла подпоручик къаьрззина некъахочуьнга хьаьжира:
– Иза мила вара бохург хIун ду? Хьо стигалара воьжна-м вац? Цуьнан оьздалла, округан начальник а ца вевза хьуна?
– Добровольский вара иза?
Подпоручикан цецвалар шекваларе дирзира. Иза лерина хьаьжира некъахочун духаре, йуьхь-сибате а.
– Ткъа хьо мила ву? Хьуна стенна оьшу господин Добровольский? Зеламхин гIеранах-м вац, хетий, хьо? Хьалхавалал суна. Вай цигахь къастор ду, хьо мила ву а, господин Добровольский мила ву хаа хьо хIунда гIерта а.
Нохчо-эпсар шен декхар оццул чIогIа кхочушдан гIертаро самукъадаьккхира некъахочун:
– Даржехь сихха лакхавер ву хьо, подпоручик.
– И хьоьга хоьттуш дац. Со эца гIерташ, хьестало хир ву хьо. Бакъ дац хьуна моьттург. Хьалхавалал гIопехьа.
– ДIавало. Со-м господин Добровольский волчу вогIуш ву.
Коьртера охьа когашка кхаччалц йуха а некъахочуьнга бIаьрг туьйхира подпоручика. ХIинца цунна ца хаьара, оцу стагаца ша къамел муха дан деза. Делахь а цхьаъ хаьара эпсарна: xIapa шен махкахо хьаькамех стаг цахилар а, нагахь иза хьаькамех велахь а, цуьнан а, шен а карахь цхьана